Нахский
журнал

Тептар
Из трёх проб, сданных сегодня, ни одна не подошла.
Приходите завтра, помогите Ахмеду.
Логин  
Пароль  
 

Муса Бексултанов — «Дика дукх хьо волуш»

20 декабря 2007
Да воккха хуьлуш ву. By. Цхьацца лазарш а лехьадо. Са а гатдо тхан дуьхьа: цхьаъ хиларна кхоьру хир ву-кх иза. Х1аъ. Дада... Со веххахьоьжу цуьнга, цо къамел дечухенахь. Хабар цхьанаэшшарехь, меллаша корта а лестош, наггахь хьан б1аьра а хьоьжуш, масалш а далош дуьйцу цо. «Охьахаа эцца, охьахаа, Мант д!а а эций», - олу юкъ-юкъа. Со охьа ца хуу. Суна хаьа, цо сайга боккъал а охьахаа ца бохийла. Цунна со охьахаа ца лаьийла а хаьа суна. Иштта д1а боху цо иза, дашна юккъехула, вицлой. Суна дага а ца дог1у со цунна хьалха хиъна 1ийна, я айса цунна хьалхахь х1ума йиъна а. Дена ца дезара и тайпа х1ума. Хьо шена хьалхахь лаьттина, Мелвеллийла хиъна: «Хьада, д1авало, хьайн г1уллакхе хьа-жа... Дуьйцучух аш пайда оьцур бу аьлла-м ца дуьйцура ас, суо ца 1алуш д1а луьй-кха, шух наххилахьара аьлла хеташ», - олу. Со х1ета а ара ца волу. Цо юх-юха а олу соьга: «Д1авало, хьайн г1уллакх де, сада1а воллу со. Ас эшахь схьакхойкхуьй-тур вухьоьга». Цул т1аьхьа со д1а араволу.

Bopxl-бapxl шо кхаьчна тхо долуш, х1аъ. Цу хенахь дуьйна схьа дуьйцура тхуна дас хабарш, тхо наь1ара улло хьала а х1иттадой, шен юьхьа т1е гата а хьоькхуш - хьацар долура цунна. Цкъацкъа вицлой, ч1ог1а лоьра тхоьга, шух нах хир дац, х1умма хир яц шух, бохуш. Цо тхуна шен да вуьйцура, цуьнан дахар. "Паккха шен денда вуьйцура. Иштта берриш а буьйцура цо тхуна, ворх1е да а. «Къа дацт1аккха цу нехан, -олура цо, - шайна вонна ала дош ца дуьтуш чекхбевллачу, цхьа ледарат1аьхье а кхиъна х1аллакьхилча... Ду. Вайн ц1е йоккхучу хенахь церан ц1ераш ма йовлу, хьенеха-минехан к1ант олий. Беллачу нехан юьхь лара ма еза. Шен орам бовза ма беза стагана, иза мичара схьабог1у хаа ма деза. Шен гай, дег1 лардича, къонаха чекхвер вара, баьхна-кх х1ума хуучу наха. Гай а хала ма ду. Комаьршо хила ма еза къонах-чуьнца... Буй д1абостуш хила ма беза, хецца д1абостуш. Йол-луш ч1ир а ца хилча, нисдан дезаш дов а ца хилча, такха ца даллал декхар а ца хилча, шуна х1ун хала ду нах хила! Ко-маьршой, г1иллакх шуьца хилчахьана, шу чекхдевлла-кх...».

Да гуттар а ву тхоьца иштта: оьг1азе а, хьасене а, дера а, к1еда а. Тхо ца дезаш-м вац иза. Мичара! Тхо т1ех дезар ду-кх. Тхоьца х1оранца а шен-шен къамел хуьлу цуьнан, шен-шен догьэцар. Х1оранга вукхунах лоций дуьйцу. «Шуна накъост хила мега цунах. Цхьаццайолу амалш дика ю цуьнан... Хьенехах воккхавеш вац со, дукха сиха вуху иза. Стаг х1ума т1екхачарх воха ма ца оьшу... Дуьне ма ду xlapa, пач-чахьех а диса а дисина. Массо а хIума сецна хила деза-кх, цхьанаметта».

Хьо цхьанхьара ц1а вог1уш, кел чоьхьа ваьлча, д1ога, кер-тахула охьавог1уш да го хьуна, хьо гина вела а воьлуш. «Э-э, марша ва-кха хьо! Хьо ц1а вог1уш ма дика ду-кх, - олу цо хьоьга. - Валол, чу rlyp ву вайша. Же, зуда, юург кечъел тхой-шинна, охашимма къамелаш дешшехь». Юха хьоьга дасдех-ха хеттарш до, юх-юха а хоьттуш. Доьшуш ву бохуш тхойша лелачу хенахь (сой, сол воккханиг), гуттар а и тайпа сурт хуьлура тхан ц1ахь: «Ахь изгам муха елира, хьоьга х1ун хаьт-тира, ахь д1а х1ун элира, массо а чекхвелирий шух?» - дер-риг а х1ума хотту дас, меллаша шена х1ума а юуш, хьоьга чай а доттуьйтуш, наггахь «х!аъ-х1аъ», - олуш, корта а ластош. "Паккха: «Эх!, х1аъа, уьш дика къамелаш дара... Иштта хила а деза, деза те... Со цкъа д1а араволу, ахь хьайн сада1а,,. Кхано хьала ваьллахь со волчу», - олий, араволу. Со т1аьхьа араволу цунна. Цуьнан мачаш хьалаюху ас. Иза гена вал-лалц лаьтта, т1аьхьа а хьоьжуш, цуьнан букъ а, болар а тер-галдеш. Юха чу воьду со. «Ц1а веан хьо... Цу къонахчо-м х!ума хатта а ца вуьту... Ирахь латтаво сарралц... Мецахир ву-кх хьо. Х1ун е ас хьуна? Цкъа охьахаий, цигахь ерг кхал-лахьа, ас жижиг кхорзу хьуна!» - д1асахьийза нана, суна там берг дан г1ерташ, хьостуш. Со хьоьжу цуьнга, сихха, каде, хьеший баьхкича санна, карзахе хьийзачу. Иза даима хьий-за тхуна иштта, ша тхан нус йолуш санна. Я оха ойла.а ца йо цу х1уманан. Иза иштта хила дезаш санна д1а 1а: «Хьаби, хи дахьа, чай доттахьа... Корта била хи дохдехьа», - цхьацца тхайна оьшург а олуш цуьнга, жимачуьнга санна.

Нанас кестта жижиг х1оттадо суна, кхорзий. Бурч йохьу. Чайнан керла басар даккха Мерташ йоллу. Иштта 1ачу суна, юха а цкъа тхаьш кегий долуш, ламчохь сайна да хаавелла 1уьйре дагайог1у. ДагайоМу цкъа а сайна йиц ца елла, бовха малх кхетта хилла 1уьйре. Дада б1айшачу говрахь, геннара дуьйна вела а воьлуш, шеца малх, ирс, цхьана диканан лазам бохьуш гучуваьлла сахьт.

Тхойша жима вара. Ламчохь, Кхури бохучу меттехь вара дада, жаца. Цхьана аьхка сой, сол жимах волу ваший вара цигахь дадица. Тхан йоккха бун а яра, гена боццуш ж1аьлешна доьша дотта баьккхина к1аг а, хьоста а дара ул-лохь. Жа чу лохкуш керт я цхьа жоьла тайпа ламчохь хуь-луш а ца хиллера. Жа бехло боху гонаха керт хилча. Цунде-ла ма хуьлулам чуьра жа шагат1улг санна ц1ена, цхьа к1айн... Сарахь дада жа йисте вуьжура. Тхойша буьна чохь lapa. Ж1аьлеш а летара, Дадас мохь тухуш а хезара тхойшинна: «1уй-х1ей-т, эй-х1ей-й», -олий.

Юха, цхьана 1уьйранна ду-кх хьуна. Т1ерийчу rlyp вара ша, шен нана йолчу, боху-кх дадас, цуьнгахь х1ун хьал ду хьажа. Сарахь юхакхача хьожур ву ша, элира цо, сан юьхьа т1ехь цецвалар гича.

Иза д1авахара, тхан б1айшачу говрахь, тхойшинга са ма гатде а аьлла.

Жаца гена д1аваха а ца ваьхьаш, тхайн буьна уллохула лийлира тхойша, делкъал т1аьхьа дуьйна некъехьа охьа а хьоьжуш. Тхойша кхоьрура, суьйре да а воцуш т1екхачарна.

Дада гучу ца волура. Жа гуттар а улло а Нортийна, цхьаь-ний охьахиъна, хьалха дада гинчунна кхаъ бу, бохуш, 1ийра тхойша 1аржъяла герга яххалц. Дада вацара. Т1аккха жа дук-ха сиха мет-метта охьа а лаьхкина, ж1аьлешна доьша а дина юха иза царна д1а а делла, дадига хьежа хиира тхойша кхе-рамца, вовшашка вистхилла a rlosrla ца еш - дада вог1уш хазийта.

Дада-м ца веара. Дог1а деара т1аккха, дохк а хьаьдира. 1арж а елира ч1ог1а. Цхьа а х1ума гуш а, я хезаш а дацара, уьстаг1аша доху нох доцург. Иза а массара ца дохура. Гезарий буьна улло г1ертара, дог1анах евдда. Тхойша сих-сиха ж1аьлешка кхойкхура. Уьш лиэташ хилча, мелла а майра хир вара тхойша. Ж1аьлеш дуьхьал ца летара. Со ч1ог1ах кхоьру-ра. Со воккхах вара. Xlapa буьйса ерриг а суна еънера. Суна цхьанна. "Паккха жа къаьхкира ч1ог1а, «Дар-р-р», - аьлла, цхьана arlop а, вукху arlop а, чуьчча уьдуш санна. Ж1аьлеш летира. Жа юха а, юха а къаьхкира. Цхьадерш 1оьхура. Тхойша гуттар а ч1ог1а кхеравелира т1аккха. Бога бертал охьа а диллина, цут1е г1аш йиттира охашимма, юкъ-юкъа ц1ог1а а тухуш. Цхьа г1овг1а хилча, борз т1е ца йог1у, бохуш хезнера суна. Жа къехкачуьра ца соцура. Цу буьна чохь мел йолу резинкин кало а, этаг а, куьйгаш хьоькхуш, схьа а лехна, вов-шийн куьйгаш а лаьцна, ж1аьлешка а кхойкхуш, жана юккъе д1авахара тхойша. Жа тхойшинна т1е уьдура, lexa а 1оьхуш. Этгех йоккха ц1е латийра охашимма. Тхаьшшинан бога схьа-деара цигга, т1е г1аж етта.

Тхойша сахиллалц 1ийра иштта, ц1е д1а а ца йойтуш, боги т1е г1аж а етташ.
Сахила герга дахча, дог1а к1еззиг тийра. Жа а сецира къехкачуьра. Ж1аьлёш а ца летара
Са хилира. Дохк д1адоьдуш дара. 1аннашкахь а, к1аьгнашкахь а дисина дохк нийсса стигала ирах ийлуш, лакха даьлча махо д1аидош, д1адоьдура. Малх ца кхеттера. Д1ахьаьжча гуш, цхьаццанхьа дог1а доНура х1инца а.

Жа дерриг ца хиллера мет-меттахь. Къехкаш, ген-гена д1асаидда лаьттара уьстаг1ий. Уьш дерриш а схьа вовшах а тоьхна, тхайн т1едачу х1умнашца лаха чу охьавахара тхойша, жа а эцна. Цигахь некъ бара. Дада а цу новкъа ван веза-ра, вог|уш хилча.

шайн сахиллалц д!асаидда жа, Tie а горгделла, дика де-жара. Цхьадолу уьстаг1ий охьадиишинера. Ж1аьлеш а 1охкура йисттехь. Басехь, аркъал, наггахь некъе а хьоьжуш, д1а arlop велира тхойша. Тхойшинна наб кхетта хиллера.

Ж1аьлеш а летта, самаиккхира со. Сан б1аьрса малхо кхо-лийра. Цу маьлхан серлонна юккъехула дада гира суна, гов-ра т1ехь, воьлуш. Суна дада воцург кхин х1умма а ца гора т1аккха. Дош а ца алалуш висира со, дерриг а некхе, легаш-ка, матта буьххье хьала а деана. Боккха, бовха малх бара кхетта. Вела а воьлуш, говрахь, бухара хьала т1евог1уш дада а вара! Хетара, дерриг а гонд1ара х!ума сецча санна. «Дада-а!» - элира ас, дукха хазахетарна, цунна дуьхьал охьа а хьо-душ. «Х1ун дин ашшимма? Шуьша ваха дукха! - Тхойша мара воьллира цо, говра т1ера охьа а волуш. - Шуьшинна са а ца гатдеш-м ца 1ийн шуна со... Дог1а а доладелла, дохк а хьаьд-да... д1а висир-кх... Шуьшинна Х1атис баийтина 1ежаш бу соьга... таьлсаш чохь... Xlaxl, д1аэцал, баал...».

Дадас чу вахийтира тхойша, говр схьа а елла. Тхойша вела а воьлуш, 1ежаш а бууш, юх-юха а воьлуш чу вахара.

Х1аъ. Иштта дара хьалха. Х1етахь а, цул т1аьхьа итт-шийт-та шо т1аьхьа а иштта дара. Х1инца кхин ду. Х1инца кхин ю юкъаметтигаш а. Цу 1уьйранна санна, малхана юккъехула воьлуш, сан дерриг а са ирсе д1алоцуьйтуш, rape сатуьйсу асдадах1инца а. Амма гац. Х1ун ду те иза?.. Ца хаьа. Х1инца тхо даккхий хилла. Шераш д1аихна-кх, даккхий хиллехь а, ца хиллехь а. Х1инцатхо дийлало дада схьа гича, меллаша, бех-каца, ларамца. Тхох цхьаъ цхьанхьара ц1а веъча, дада ца вог1у тхо долчу чу. Иза хьоьжу тхох цхьаъ ша волчу гучува-ларе. Хьоьжу, тхо гучу ца довлуш хьеделча, реза а воцуш, схьа х1ума ца алахь а. Цхьа сингаттам хетало цуьнгахь, цхьа г!айг1а... Хьалха санна вац-кх. Х1унда?

Со хЬразза а со цхьанхьара ц1а веъча, воьду иза волчу. Цуьнга маршаллахатта... Де дика дан. Цунна керлах1умнаш дийца. Со чоьхьа ваьлча, паднара т1ехь lain хуьлу иза, цхьац-ца мукъам а беш.
— Де дика хуьлда хьан, дада, - олу ас. - Хьо х1ун деш ву...
— Диканца вехийла. Марша вог1йла, хьенех. Хьо ц1а веа? - Олу цо соьга, цхьана хьеше санна.
— Х1аъ. Веа...
— Х1ун лелий ахь? Могаш лийлин?
— Х1аъ. Кхинх1ума доцуш... - Лаккха дехха къамелаш до охашимма, цо схьа а, ас д1а а. Юха а цхьа сингаттаме хета-ло иза, цхьа дог ца дог1уш санна. Я суна хета иза? Ца хаьа. Я тхо ца хили те цунна ма хеттара, цуьнан даггара? Хьанна хуур ду!
Дукха хан ялале нанас юург а кечйой, соьга д1акхойкху: «Д1ах1оттае, хьенех, хьайн дена юург», - олий.
Юха дадас меллаша, ша д1акхоллу бепиг а, нехча а п1елгашца кагъеш, ойланашка вахча санна, масийттазза 1овшуш, х1ума юу. Сих-сиха шен деса стака схьакховдадо цо, багахь 1уьйшуш х1ума а йолуш. Ас пеша т1ехь лаьтта довха чай дутту цунна.
«Xlaxl, д!аэца пхьег1аш, - олу цо, ша йиъна ваьлча, - Дала ма эшадойла хьо беркат цхьанна а», - олий.
ПхьеНаш д1а а йохий, схьавог1у со юха а. Жимма вист ца хуьлуш лаьтта. Со леррина хьоьжу цуьнга, цуьнан юьхь, б1аьрг, куьйгаш - массо а х1ума тергалдеш. Суна иштта ха-захета иза, жимма хьалатоьхна к1айн маж а йолуш, балдаш вовшах мосазза доху гуш к1айн цергаш а йолуш, Найбех букъ а тоьхна, къамел деш 1аш, паднаран сонехь.
— Д1авало. Сада1а. Некъо г1елво стаг. Вало сада1а, - олу цо.

Цунна т1ехь юрг1а а нисдой (хьарччош, когаш къайлабохуш), т1е куьгтухуш, г1айба а тобой, меллаша д1а араволу со, цуьнгахьа букъ ца берзо а Муртуш. «Дика ду-кх хьо волуш, -боху ас айса сайга, - схьаган волуш, хьан 1уьйре дика ян, суьйре дика ян, х1ун доккху ахь, х1ун леладо, са-м ца гатдо... могашалла вон-м яц хьан, аьлла, хатта. Хьан къамелашка ладег1а йиш йолуш... Сайна хаза хеттарг дийца, халахетарг довзийта, вехха хьан аматашка хьежа... Х1етахь, цу 1уьйранна санна, бовхачу малхана юккъехула б1айшачу говрахь вела а воьлуш, хьо вог1ур вуй хууш ду-кх дика, соьца цхьа xiywia 1оттаделча, со Мелвелча, со дахаран чолхалло хьовзийча... Дика ду-кх вай вовшийн гуш... Хьо схьаган волуш ду-кх дика...».
оценка:
 (голосов: 2)
просмотров: 433
мнений: 7
закладка:
1ч1епалг (21 декабря 2007 20:41)
ровно 14 минут ушло на чтение...

Цуьнан мачаш хьалаюху ас. Иза гена вал-лалц лаьтта, т1аьхьа а хьоьжуш, цуьнан букъ а, болар а тер-галдеш. Юха чу воьду со. «Ц1а веан хьо... Цу къонахчо-м х!ума хатта а ца вуьту... Ирахь латтаво сарралц... Мецахир ву-кх хьо. Х1ун е ас хьуна? Цкъа охьахаий, цигахь ерг кхал-лахьа, ас жижиг кхорзу хьуна!» - д1асахьийза нана, суна там берг дан г1ерташ, хьостуш

здорово. Элис, баркалла.


_________________
+
2Elis (21 декабря 2007 20:53)
Цитата: ч1епалг
здорово. Элис, баркалла.



ne Elis a Ba!
+
3ч1епалг (21 декабря 2007 20:55)
делахь, оц Бан ц1а мацца дас-нанас ц1е тиллан йара.


_________________
+
4Тийна (21 декабря 2007 20:57)
С таким теплом и мудростью это написано, что сердце радуется.
Ишт к1орге хьехарш да бакхи нах ,ишт к1орге уьш лара киги нах а лат бойлакх Вайна.


_________________
+
5Ба (22 декабря 2007 15:36)
хазам бу цера вовши болу ларам
+
6Elis (22 декабря 2007 16:31)
Цитата: Ба
хазам бу цера вовши болу ларам


Shygah bac ta vovshi isht laram? smile
+
7Ба (23 декабря 2007 16:43)
бу
+
Информация
Посетители, находящиеся в группе Незарегистрированные, не могут оставлять комментарии в данной новости.
Лучшие публикации
Эти вайнахи нуждаются в поддержке. «Фонд Тептара» помогает вам помогать.
Бóльшая часть материала в Нахском журнале эксклюзивна — была впервые опубликована именно на этом сайте. Во всех остальных случаях мы указываем источник в виде гиперссылки и просим всех делать так же по отношению к нашим публикациям:

При копировании материала гиперссылка на Тептар обязательна.
Тептар © 2006—2008 Нахский журнал «Тептар»
О Тептаре · Приёмная