Нахский
журнал

Тептар
Нахская раскладка обновлена до версии 2.0.
Логин  
Пароль  
 

Ильман Юсупов — «БIаьвнаша цIе йоккху»

29 августа 2007
ТIемаш а Iаь етташ, кIур туьйсу анайист хьейо,
Хьаннашна тIехула догIанаш цIийш хилла оьгу.
Луьрачу мостагIчо хIусамаш лаьттах дIаэйо,
Балано тишбинчу наноша марчонаш тоьгу.

БIаннекъийн тIулгаша мийлинчу шовданийн иэсо
Шен цинцийн сагIа ло бецашна маршонна тIера.
БIешерийн зIе латтош бехчинчу къийсаман хьесо
ГIазотан тур оьхьуш, чехайо гIазакхийн гIера.

Лам ломе мел кхайкхи йилбазмохь бека йишхаьлла,
Ла ца луш мостагIийн арданго дайн латта хьоьшуш…
БIаьвнаша цIе йоккху кху лаьттан Нохчийчоь аьлла,
Баролийн бIаьргашца доьналлин жайнаш а доьшуш.
оценка:
 (голосов: 2)
просмотров: 493
мнений: 16
закладка:
1borz (29 августа 2007 21:02)
и санна байт гич кхет со - нохчийн мотт ледар хаьа суна recourse (( дукх х1уманах ваще ца кхитар со belay
+–1
2ч1епалг (29 августа 2007 21:06)
borz,
и бохаш со а йара.


_________________
+
3borz (29 августа 2007 21:17)
ч1епалК, т1аккха, дош хетий хьун и?))
+
4ч1епалг (29 августа 2007 21:25)
borz,
ле-м нийс лоь хьо, дийцам хьаш доцарг дуьйца ахь. bully


_________________
+
5borz (29 августа 2007 21:32)
ч1епалК, летий хьо? bully ))
+–1
6ч1епалг (29 августа 2007 21:37)
borz,
не хорошо маленьких обижать.


_________________
+
7borz (29 августа 2007 22:12)
хьо жим ю бохург ду хьа и?)
+
8ч1епалг (29 августа 2007 22:20)
ду. хьо воккха ву бохарг ду. йара ахтоп ю бохарга ду)


_________________
+
9borz (29 августа 2007 22:34)
ч1епалк, ма де охтопить бох асссссссс)
+
10borz (30 августа 2007 00:30)
ч1епалк, ма лелал хьарца, сацал! злоупотреблений должностными полномочиями - вон х1ум ду! ))


п.с. умно сделала слушай laughing
дер ю умный Мержо, Малика)))))
+
11isashi (30 августа 2007 12:17)
Мог1анаш ч1ог1а дара,ишта стиха яккха атта доций хаьа суна.
Дала латтабойла вайна х1ара нохчийн мотт ишта ц1ена.
Со т1ехьа ца кхуьуш цхьа дешнар дар ч1ог1а суна хаа лууш,"анайист"
"иэсо","цинцийн"


_________________
+
12borz (30 августа 2007 16:39)
Цитата: isashi
"анайист"

горизонт кажись
Цитата: isashi
"цинцийн"

"цинц" шота типа "плеск воды", "брызг"
Illancha поправит
Цитата: isashi
Дала латтабойла вайна х1ара нохчийн мотт ишта ц1ена.

амин!
+
13Doshgovza (1 сентября 2007 20:34)
хаза байт ю, маша Аллаh!

5+


_________________
+
14shila mox (2 сентября 2007 16:54)
я почти ничего не поняла((. знание языка в такой мере - ета 5- первая и моя причом)
+
15Teseja (16 июня 2008 00:06)
ТИемаш а Иаь етташ, кИур туьйсу анайист хьейо,
Хьаннашна тИехула догИанаш цИийш хилла оьгу.
Луьрачу мостагИчо хИусамаш лаьттах дИаэйо,
Балано тишбинчу наноша марчонаш тоьгу.
.....
Лам ломе мел кхайкхи йилбазмохь бека йишхаьлла,
Ла ца луш мостагИийн арданго дайн латта хьоьшуш…
БИаьвнаша цИе йоккху кху лаьттан Нохчийчоь аьлла,
Баролийн бИаьргашца доьналлин жайнаш а доьшушборз,

Цитата: borz
и санна байт гич кхет со - нохчийн мотт ледар хаьа суна рецоурсе (( дукх х1уманах ваще ца кхитар со

Цитата: ч1епалг
и санна байт гич кхет со - нохчийн мотт ледар хаьа суна рецоурсе (( дукх х1уманах ваще ца кхитар со

Цитата: ч1епалг
борз,
и бохаш со а йара.

Дуьненахь мел ч1ог1а нохчий мотт ца хаарах адамийн мотт хууш волчунна кхета дикхар долуш байт хета суна х1ара. Шен махках лаьцна, шен кьоман т1ех1оьттина болу балах лаьцна язйина ёлу байт ца кхеташ волу стаг кхераме хила-м веза.Не то место нашли вы для игр, ребята.
Кстати автор стиха очень известный прекрасный чеченский поет, прекрасная возможность поучить чеченский, если есть такое желание.
Дела реза хилла Юсупов 1ильманна, хаза ц1ена даггара язйина байт ю и.
Дала 1алаш дойла вай вочу х1уманах.


_________________
+1–2
16ч1епалг (16 июня 2008 12:38)
Цитата: Teseja
Шен махках лаьцна, шен кьоман т1ех1оьттина болу балах лаьцна язйина ёлу байт ца кхеташ волу стаг кхераме хила-м веза.Не то место нашли вы для игр, ребята.

деш ма1аьн ца хаъар дара оха дицнарг.


_________________
+
Информация
Посетители, находящиеся в группе Незарегистрированные, не могут оставлять комментарии в данной новости.
Лучшие публикации
Эти вайнахи нуждаются в поддержке. «Фонд Тептара» помогает вам помогать.
Бóльшая часть материала в Нахском журнале эксклюзивна — была впервые опубликована именно на этом сайте. Во всех остальных случаях мы указываем источник в виде гиперссылки и просим всех делать так же по отношению к нашим публикациям:

При копировании материала гиперссылка на Тептар обязательна.
Тептар © 2006—2009 Нахский журнал «Тептар»
О Тептаре · Приёмная