Заза даьккхинчу беша юккъехь жима цIа
3 августа 2007
1.
Хилла вонаш дицдала-м йиш яцара, шир а делла, доьзалхой а кхиъна, уьш бехар бу-кх ирсехь бохуш, царах йоккхаеш хьийзара, иштта и стаг а вара. Иза колхозан трактора тIехь волуш, алапа кIезиг хилахь а, цхьанна дечиг цIа дохьуш, вукхуьнан - йол, кхечунна - гота охуш, жимма хIума хуьлура. Ткъа аса кертахь хьаьжкIа а, кхоьаш а, етт-эса а леладора. Дерриге а и цIенош долийча хилир-кха. ВаллахI, оцу дийнахь цу йоIа, ша газете кехат яздийр ду аьлча, «хах» аьлла, кийра ша биллира. Ша боданехь латтайо, серло а ца гойтуш...
Хьовсийша, хезна хIума дуй иза? Ша сарахь ишколе хелхайийла ца яхийтича... Хелхарш хилча-м, цхьа хIума а дара. Вовшашна мар-мара а бахна. ЭхI, хIара корта. Цкъа паргIатъериг хир ю-кх, хIара эккха а иккхина. Оцу дийнахь а ма белира хIара сан чIогIа лаза, мерах цIий а оьхуш. ТIаккха-м гонаха хьаьвзира и йоI: «Хьуна хIун хилла? Хьуна мерах цIий оьху?» - «Эхийтахьа, цIий дац иза, сингаттам бу».
ХIаъ, оцу дийнахь шек хилира со оцу кIантах а. Цигаьркийн хьожа етталора схьа. - «Узучарна юххехь Iийна со». «Хьан йиш ма яц волавелла лела, цIенош деш ма ду вай», - элира ас.
«ЦIенош, гуттар а цIенош... Суна кIордийна уьш», - ирх кхоссавелира. «Уьш шуна деш ма ду. Хьуна а, Адамна а. Шу нахах тера хилахьара аьлла хеташ». - «Тхуна-м хIара тишанаш а тоьар дара». «Шун дена дикуо хаьа, цуьнга ладогIа», - ден сий-ларам цаьрга байта гIерта ра со.
Амма и цуьнан дагах кхетачух тера дацара. ТIаккха хьехар а ма дира ас: «Схьавола, суна улло, нана яларг. Схьайола хьо а, суна улло, нана яларг. Иштта охьалах ло. Кхуьур ду шуьшиъ шайна луъург лело а. Жимма собарде. ДIадаьлча бен дага ца догIу шуна дай-наний. Массо хенахь шайн ойла ма е. Тхан а е. АвгIан тIамехь волу шайн ваша а дагалаца. Маржа, Адам яI! ХIун ле лош лела-те хьо? Кехат а ма хьедели. Табарке деаний техьа? Яло, Падам, оцу пеша тIера чIепалгаш хьуо лу лахошна. СагIано ларво олур-кха стаг... Салахь , ахьа а яа хьайна хIума»...
Амма эццахь со юкъахъяьккхира чIоггIа еттачу не Iаро - и стаг тIулг а бохьуш цIа кхаьчнера: «Арадовла, арадовла»...
ИшттIа дIасауьдуш, вовшашна оьгIазъоьхуш, дIадов лура денош. Деккъа цхьа Адамера кехат кхачар дара хазахетар.
Чубузучу маьлхан зIаьнарша серладаьккхинчу ц1а чохь гулбелла доьзал : да Ахьмадукъа паднара тIехь гIай бех дIа а тевжина 1а, нана Совдат - лохачу гIантахь, кIант неIарехь ирахь лаьтта.
ЙоIа кехат доьшу: «...Кхузахь кхин хала хIумма а дац, хьайл лакхарчунна честь делчхьана. Са ма гат де».
ИйтI, нана яла хьан! - бIаьргех хи даьлла ненан. - Хала хилча а, хоуьйтур долуш ма вац.
«Наха цхьацца хабарш дуьйцу хир ду, кхузахь хад даза тIом бу, бандиташа тешнабехкаца салтий бойу бохуш. Цаьрга ла а доьгIуш, суна са ма гатделаш. Дада, хьан могашалла муха ю? ЦIенош долийна бохуш, яздо аш. Дукха шайна ницкъ ма белаш, со ц1а веачхьана дийр ду вай...»
Ницкъ бийр болуш бац хьуна хIорш-м, ахь ца аьл ча а, - олий, йовхарш туху Ахьмадукъас. ЙоIа юха а дIадоьшу кехат:
«Нана, хьо муха Iа? Корта-м ца лозу хьан? Гуттар а корта лозуш хуьлур-кха хьо. Со цIа веачхьана, Мос кох лоьраш тIе йигна а, цхьа дарба лохур ду вай».
Нана яла хьан, нана! Хьо цIа веъна де гур а дуй техьа, - Совдата бIаьргех йовлакхан тIам хьокху.
«Салахь, Падам, шайга аьлларг делаш, дика а де шалаш».
Дика муха доьшу, ишколе вохуьйтуш а ца хилча? - корах арахьожу Салахь.
«... Ас дIавоьдуш доьгIна Iежийн синтарш даккхий хиллий? Падам, уьш бежнашка даа ма даийталахь».
-Уьш-м тоххарехь дIахедийнера, - юха а корах ара хьожу Салахь, вела а къежаш.
ЦIенош деш хилча, дIа ца хадо йиш ма яцара уъш. Керланаш дугIур ду-кх, - паднара тIера цIенкъа вуссу Ахьмадукъа. - ХIан, дуьло, болх бан деза.
Тховсенна битахьа и болх, - тIунделлачу бIаьргех куьйгаш хьокхуш, хьалагIотту Совдат. - Садайна вай на. ЙоI хитIа яха а деза. Дечиг а ду даккха дезаш.
Оцу сарахь со а, хIара стаг а дехха Iийра къамелаш дуьйцуш. Ши бер дукха балхана тIе ма теIаде, бехира ас, даго цхьаъ хьоьху суна. «ХIун ду цара дийриг? Дага ца догIу хьуна, вай кегий долуш, Казахстанехь, наха дIакхийсинчу нехаш юккъехь яахIума лоьхуш лел ла?.. Ткъа вайшимма вовшахкхеттачу шина шарахь хьегна къа?» - элира цо.
- ДогIу дера, - элира ас, - суна я поппар хьаха а, я мижарг бан а ца хууш... «Цундела, цаьрга и хало ца хьегийта гIерташ воллу-кх со... Адам ву кестта, зуда а ялийна, охьахао везаш. Ши пIелг санна, шиъ бен ван а вац...».
ОхI-хIай, сан корта. .. Ва-а стаг. .. Схьаволахь, со леш йоллу хьуна... ОхI, охI...
2.
Афганистанехь тIам тIехь волуш кест-кеста гIенах айса доьгIна Iежийн дитташ гора, зазадаьккхина лаьт таш, царна юккъехь кIайн кир тоьхна жима цIа а.
Амма ши шо дIа а даьлла, со цIа кхаьчча, дитташ дIахедийна карийра, ткъа жимчу цIенна кIайн кир то хаза шо а тIехдаьллачух тера дара.
Малх кхетта, гуьйренан декхна де дара иза. Со з1а ра юххе а хIоьттина лаьттара, тIулг буттуш бохкучу сайн уггаре а гергарчу нахе а хьоьжуш. Дуьххьара Дадина гира, карара цементан, гIамаран берам лелабен аьш кал охьабуьйжира цуьнан. ТIаккха вуьйш а схьахьаьв сира. «Нана яла хьан! Хьо ган доьгIна хилла-кх суна, - бIаьргех хи делира нанина. «Схьавала, кIант, сехьа», -йовхарш етташ лаьттара дада. Падам, Салахь, доккха хиларал совнаха, хийцаделча санна а хийтира. Иза бакъ а хиллера - тIаьхьа гучуделира дерриге а.
ТIеволавелча, со астагI хилар а гина, нене мохь белира: «Нана яла хьан, Адам... Даго хьоьхур-кха суна». .. Дадас човхийра иза: «ДIаяла, зуда, кху кертахь тезет а ца хIоттош. Нехан ойлае, декъий цIа кхехьна черан»..
Дан а дацара, цаьрга хьаьжча, тхуна тIекхаьчнарг хIумма а. Амма тIаьхьа, дукха хан ялале, сан ойла-м хилира, цигахь вала стенна ца велира теша со, аьлла.
«Бух ма боккха болийна аша?» - элира аса. Дена хазахийтира аса гIишлонан тидам бина. «ЦIийнан уг гаре коьртаниг бух ма бу, кIант, - дуьйцура цо . - Бух онда хилча, цIенош а лаьттар ду дуккха а. Хьажал хьо, хIокху агIор йиъ чоь, кху агIор кхин йиъ - бархI чоь а, юккъехь сени а йолуш гIишло хир ю».
ХIетахь тидам хилира, аса боьгIна ши Iаж хиллачу хула дIа а йоьттинчу бетонан. «ГIишлонна новкъа бара и шиъ... ЦIийна тIехьа бугIур бу ахь...» - бохура дас. Халахийтира суна.
Падам Табарке кхаъ баккха яхара. Оьшуш-м ца хил лера. Цунна ца тайра сан астагIалла - и кхечуьнга маре яхара.
Дадиний, наниний мотта-м моьттура со и бахьнехь къаьркъа мийла волавелла. ХIан-хIа, суна халахетарг кхин дара: тхан жимчу ц1а чохь хилла барт, марзо, бом ба тоьхча санна, йоьхна дIаялар. Хьенан я стенан бех кенна хиллера иза: сан, я дадин, я ненан, я заманан, я керла динчу цIийнан. Ца хаьа, мухха делахь а, цхьа шайтIа хьаьвзинера тхуна юкъа. Цунах со цхьана дийнахь кхийтира.
Сингаттаме тийналла лаьтта чохь.
- Доккха хIума ду-кх, цу кIанта сан дуу са. Мича вахна техьа иза? - боху нанас.
Адам, дуьхьал вист ца хуьлуш, паднара тIехь хиъна Iа, бIаьргаш цIенкъа а доьгIна. ЦIеххьана неI еллало.
- Хьо мичхула лелаш ву, нана яларг? - хьалаэккхий, Совдат чуваьллачу Салахьна тIехьоду.
Важа, вист а ца хуьлуш, неIарехь лаьтта.
- Хьо мичахь вара? Х1а-х1? Мотт сецна хьан, - чук хоссалоАдам.
- Арахь.
Мичахь?
Арахь. С кентами. Кайф лоцуш. Хьа-хьа-хьа, - гIадъоьхуш, аркъал а сетташ воьлу.
- ОстопируллахI, остопируллахI. Вай, нана яла хьан, хIара дара хьуна суна тIекхачаза диснарг. .. Телхина-кх.
- Суна хаьа хьуна кхунна хIун хилла-м , - Адама, т1е а воьдий, Салахьна буй туху. Кхин а, кхин а. - Боьха хIума! Суна дукха гина хьуна хIара тайпа хIумнаш. КIомал оьзна жIаьла!
- ДIавала! ХIун дан гIерта хьо? Воь ахьа, - юкъа кхийссало Совдат. -ЭхI, сан корта.
Адама гIо до цунна паднара тIе дIаяха:
Хьайн корта ма лазабехьа хIара боьха хIума бахь нехь. Иштта дIатовжахьа.
Кхин ма тохалахь цунна. Хьо цIа вале хьан дас а йиттина. Толуш хIума дац, ша гал ца далахь.
Кхузза, дехьа чу а ялий, дIатовжахьа, сан кхуьнца къамел ду, - нана дехьа чу юьгу Адама.
Салахь, неIарца охьа а вахна, воьлхуш Iа, кIеза сан- на цIийза а цIийзаш. Сехьа чуваьлла Адам, цуьнга хьоьжуш лаьтта.
Айхьа лелориг хIун ду хаьий хьуна? - эххар а олу цо. - Хьо саца ца сацахь, хьаьжа юккъе топ ца тохахь, хьуна дан хIума дац хьуна.
Топ тохахьа суна! Тохахьа! - кхин а чIогIа велха волало Салахь.
Сацийта! Зудабер! Стаг хила гIорта, стаг! Вайша шиъ бен ма вац. Вайшиннах стаг хилахьара бохуш, са бага а кхаьчна хьийзаш ма ву вайн да а. Ткъа хьо?
-Адам, Адам. .. Иштта чIогIа дов ма дехьа. Хьалха мел дика дара, Адам. ДагадогIий хьуна, вай кегий до луш? Дадас вайна жижиг доькъуш, Падам тIехьа а ер зайой: «ХIара хьенан ду?» - олуш. ..
- ДагадогIу, - корта теIабо Адама. - ДаьIахка тIе пIелг хьажийча, Падама хьан ц1е а яьккхина, хьо вилхина а.
Салахь бIаьрхишна юккъехула велакъежа.
ХIаъ, хIаъ. Со велха а воьлхуш. Мел хаза дара хIетахь. ХIинца хIунда дац? ХIетахь вайша гуттар а цхьаьнавуьжура. .. Ахь суна туьйранаш а дуьйцура. .. - велхар марсадоккху Салахьа.
Велхарх хIумма а толур дац. И хьан Iамийна хьуна? - боху Адама, паднара йисте охьа а хууш.
Цхьана дийнахь... эвлайистехь Iара. Кино вахна аьлла, дадас етта а йиттина, воьлхуш... цхьамма... цхьамма елира. Массо хIума диц а деш, самукъадер ду хьан - оза.
Самукъаделирий?
Корта хьийзара, Iетта а вира, тIаьхьа дIавуьйлира.
Ткъа хIинца хIун дан дагахь ву хьо? - Адам Са лахьна улло охьалахло.
Юьтур ю аса, - марш хьалауьйзу Салахьа.
Йита еза, кхийтирий хьо? - цунна белша т1е куьг дуьллу Адама. - Ахь и кхин бага лацахь мегар дац хьу на. Хьайн ден, хьайн ворхIе ден сий дайа гIерта хьо? ХIун ду Дадас йиттича? Хьо ца везаш ца йиттина хьу на. Хьо кхаба гIерташ, хьо нахах тарван гIерташ, ле лаш ма ву иза. Кхийтирий хьо? Хьуна хала хир ду хьу на и йита. ХIумма а дац. Атта суна а дацара хьуна, накъостийн буха а бовлийтина, мостагIашца тIом беш, настарх чов ахилла, малхо еттинчу арахула, хьогалли на бага вовшах а летта, текхаш воьдуш. ХIетте а со ц1а веъна - гой хьуна? - цу арахь а ца вуьсуш. Хьо а ц1а вола, мел хала делахь а. Вай цIахь оьшу вайн дена а, нанна а, юьртана а. .. Кхийтирий хьо?
Кхетта, кхетта, - Салахьан велхар маьхьаре долу.
Цу арахула схьавогIуш, - цуьнан велхар а къар деш, чIогIа дуьйцу Адама, - кхетамчуьра моссаза волу, дуьхьал хIуьттура и ахь дийцинарг, кегий долуш дадас вайна жижиг декъар. Мел чIогIа сагатделлера шу ган. Кест-кеста гIенах гора суна хIара вайн ц1а, заза даькк хинчу беша юккъехь кIайн кир тоьхна ц1а.
ХIинца хир дац иза. Вай тIулгех цIа деш ду. Беш а ах дIаяьккхина, - велхар лагIдо Салахьа.
-ХIумма а дац. Беш а керланиг югIур ю. Вайшин нах стаг хилчхьана, массо хIума а хир ду. Кхийтирий хьо?
- Кхетта. Кхетта.
Мича кхийтира иза. И сан къамел лергах ца хьакха делира. Бутт а балале, ша санначех а кхетта, гIалахь цхьана нехан хIусама чу а ваьлла, таIIийна чуволлий тира. Иза кхин доккха хIума а ца хиллера, оцу йоIа динчуьнга хьаьжча. Иза-м кху лаьтта тIехь елахь, ка рор ю. БАМ-е яхна аьлла хезна, цу сенчу Сибрехула лийли. Ца карий. Амма кара-м йийр ю, кху дуьнен чохь елахь. ТIаккха цуьнан бIаьра хьожур ву: хIун ду техьа йишех хиллачу гIеман бIаьргаш чохь. ТIаккха и цкъа а хьожур яц цхьаьнгга а, цул тIаьхьа - со а. ХIан- хIа, ас хIара мийларх, со цкъа а хир вац бич, хир вац. Иштта сий ца дойуш сайн, сайн дайн, дIавер ву... Цкъа и гIам схьа а карийна.
3.
Доккха хIума дан а дар-кха, хIара дерриге а дуьне дуьхьалдаьллер-кха суна, хIара цIенош бахьнехь, кху чуьра бераш а цхьаьна, ткъа ас уьш царна деш ма дара. Хьалха хIун ю а ца хуучу , шайн кхоалгIачу ден цIераш а ца евзачу нехан гIаланаш гуш 1ен ца велир-кха. ХIара бераш а хилахьара иштта, нах санна, бохуш, воллура. Амма уьш ца кхийтира сох, тешнабехк бира цу шим- ма, сий а дайи.
ХIаъ, массо а дуьхьалваьллера. Пхи сом ца делча, исправка ца луш, юьртда ву бохуш, доладелла лела и диларийн тIекха Мовла гин велара шуна. Веана-кх цхьана дийнахь: «Айхьа хIун леладо хаьий хьуна? Оцу Орган чохь хьозанна кхосса а тIулг ца битна-кх ахь». ЛадогIа ахь къамеле. Ой, шена луъучо пайдаэца йиш йолуш бац и тIулг? Бац боху-кх.
Хийистош сацкъаре йоьрзу, хи жимло, - Iаламна зен до. Iаламна пайда беш ву-кх хIара, нахера соьмаш а гулдеш. Хаза деззарг-м хезира хьуна цунна оцу дийнахь! Кхуьначул бIозза сов бакъо ма ю сан хIокху юьртана а, оцу Органна а. Сан воьалгIачу дас Товбо лата йиллина ма ю хIара юрт, ткъа кхуьнан деда Махь ма кху юьртахь беже веъанчохь висина ву. Наха къа а хетта, астагI СегIират а яхийтина.
Оцу тайпанчу нехан берел хIорш ца эшийта гIер таш, кхечеран санна ц1а а, ц1е а хилла, хIорш охьахов шахьара аьлла, ма хьийзара со. Хьийза оьшуш-м ца хиллера. ХIара цIенош долийчахьана, лартIехь де ца деа-кх. Цхьана бохамна тIаьхьа - важа, цунна тIаьхьа - кхин, иштта д1адахар-кха. Ткъа цу йоIах гIам хилар... Доккха хIума ду-кх иза: хьан сих, цIийх схьадаьллачу адамах гIам хилар. Тхан дайх, я хIокху зудчун - пекъар, дуьне диъна ца ели хьуна иза а - дайх ледара стаг а ма ца хиллера. Доккха хIума дар-кха цу дийнахь суна тIек хаьчнарг.
Паднара тIе дIатевжина Iа Ахьмадукъа, пеша хьал хахь - Совдат, Адам - лохачу гIантахь. Массеран са дуург чувоьллина Салахь ву. НеI етташ а хезий, корах арахьожу Ахьмадукъа.
- Мовла. .. Кхунна хIун оьшу техьа хIинца, - олу цо.
Араваьлла Адам, Мовла а, цуьнца кхин цхьа вев заш воцу стаг а валош, чувогIу.
Салам-маршалла хаьттинчул тIаьхьа шен накъост вовзуьйту Мовлас:
- ГIалара веана корреспондент ву.
- Тамбиева Падам шун йоI юй? Елахь, схьакхайк хал цуьнга.
Кхайкхина арара чуялийна Падам, йоьхна, амма майрра лаьтта.
ХIара кехат ахьа яздиний? - хоьтту цуьнга корреспонденте. Вукхо корта таIабо.
Ва-а, Дела, хьо юьхьIаьржо! - мохь бели Совда те.
- Мае, зуда, гIовгIа! - тIечевха цунна Ахьмадукъа.
- Кху кехата тIехь, - гоьл т1е ког боккху корреспон денто, - шун йоIа Падама яздо, ша аша ишколе а ца йохуьйту, дискотеке хелха яла а ца йохуьйту бохуш. А-а... етта а етта бохуш. Бакъ дуй иза?
Хьан дижа хьайн дакъа! - юха а мохь бели Совда- те. - ЮьхьIаьржа хIоттий-кх со цо.
Бакъ дуй иза? - корреспонденто гоьл тIера ког лестабо.
Бакъду хьуна! - Падам хьеший болчухьа йолу. - ХIорш со Iаьржачу Iадатийн боданехь латто лууш бу. Ткъа суна серло еза, светомузыка а. Цкъа дискотекехь хелха йийлина аьлла, суна йиттира.
Хелха оьзда яла. Мар-мара а бахна деш дерг хел хар ду? Зудабер эвхье ма ду. Хьо юьхьIаьржо, юьхьIаь ржо, - елха йолало Сов дат.
Э-э, хIусамнана, ишта мегар дац, ишта, - аз чIаг Iдо хьешо. - Хьо хIокху заманан гIиллакхашна дуьхь алъяла гIерташ ю.
Ю хьуна, ю хьуна, - мохь болу Падаме.
ГIам! Ас дуьйр ду хьо, - хьалаэккха Ахьмадукъа, амма Падам хьешана тIехьа а лечкъий, цунна тIекха чазавуьсу.
ГI ам! - мохь хьоькху цо. - ТIаьхьара зама ю-кх! Хьан-хьайн доьзалхочух гIам хилча, тIаьхьара зама мухацахуьлу?!
Э-э, хIусамда, - боху корреспонденто. - Хьо ний са вац. Падамах цIеяххана артистка хир ю, вайн мах кана а, юкъараллина а пайдехь а йолуш. Эсамбаев Махьмуд санна. Кхуо кехата тIехь яздо, шена артистка хила лаьа бохуш. Ас кхуза ван новкъа валале дийцииа Падаман гIуллакх культурно-серлонан училищен ди ректорца. ХIара оха тхайца дIаюьгур ю.
И хIун къамел ду? Хьайниг йига ахь хьайна луъу чу, - ирхкхоссало Ахьмадукъа.
Сайниг а юьгур ю, йига езахь. ХIара а юьгур ю, - болатан озаца хаддош боху хьешо.
Сан доьзалхо соьгара ваккха гIерта шу?
ГI овгIа ма ехьа, Ахьмадукъа, - юкъаволу вист а ца хуьлуш Iийна Мовла. - Хьан йоI деша юьгуш ю. Деша. Хьо мел дуьхьал вийлахь а, Iедало хьан хама а ца беш, юьгур а ю. Эшахь, хьо а вуьгур ву, со а... Кхий тирий хьо?
Сан доьзал юкъа а волий, со кхето ма гIертахьа, Мовла, - мохь болу Ахьмадукъе.
Хьаштдоцург дуьйцу ахь , Ахьмадукъа. Иштта хьо санначара хьаштдоцург а дуьйций, халкъана а, махка на а зулам до, - дуьхьал мохь хьокху Мовлас.
Цу шиннан а аьзнаш къардеш, юха а дека болатан шийла аз:
- Накъостий, шун йоI цхьана а харцахьачу метте юьгуш яц, деша юьгуш ю. Яло, вовшахтоха хьайн хIум наш.
- Уьш-м сан кийчча ю, - боху Падама. - РагIу кIе лахь дIахIиттийна.
Халла ара а баьхна, дIахьовсийра ас уьш, кхана охь аялор ю шуна аьлла. Оцу сарахь хIокху кIанта, Адама, йиттина хиллера цунна. ШолгIачу дийнахь иза едира цIера. ХIетахь дуьйна кароза ю. Юьртда ву боху и кIилло а хьийзийра ас, цу карреспондент ву баьхначуьнга а барт хаьттира. Цхьанна а ца хаьара, и мича яхана.
Гуьйрено чIанадаьхна Ахьмадукъин кертара дIахе доза дисина дитташ. Иза ша ботта болийнчу керлачу цIийнан буха т1е а хиъна 1а, некъехьа бIаьрг а бетташ. Цхьана лергаш лаккхахула хедийна гиччош долчу жим чу стага, керта уллохь саца а соций:
- Ахьмадукъа, во-о Ахьмадукъа,- бохуш, мохь бет та.
ХIун боху ахь? - кетIа волу Ахьмадукъа, цуьнан къорзачу духарх цец а волуш.
Де дика дойла хьан!
Далла везийла! Хьо ву и Сапарбек? Оцу бIаьрга на хIун дина хьуна?
ХIара лазийна-м ши шо а ду, - бIаьргах куьг хьок- ху Сапарбека. - Тюменерчу ресторанехь дов даьлча, урс кхетта... Чам боцуш белахь а, баьлла бац хьуна хIа ра, ткъе итт процентана са гуш бу.
Ткъа оцу куьйгана хIун дина хьуна?
Цхьа дика бич вара сан стохка, мала шмурдяк а, яа хIума а хилчхьана болх беш. Цхьана дийнахь, дай- ваший хьакхица валларо, ластийна диг тоьхна, чолакх ди-кх хIара сан куьг. ТIаккха шена хилларг цунна а хаьа- кх, жIаьлина, - шен заьIапчу аьрручунна тIехула аыту куьг хьокху Сапарбека. - Чу ца вогIу. Хьоьга дIало аьл- ла, Адама делла цхьа ахча дара. ХIинца мичахь ву-м ца хаьа, ши бутт хьалха Барнаулехь вокзалехь гира-кх суна иза. Хьоьга дIало аьлла, хIара ши б1е туьма дели- ра. Ц1а маца вогIий? Билггала маца ца элира, бIаьста я 1ай ван мега ша бохура. Дагарде ахь. ХIан-хIа, чу ца вогГу. Iодика йойла, - астагIа а теIаш, дIаволало Сапарбек.
Сапарбек, оцу когана мукъна а хIун дина хьан? - тIаьхьа мохь бетта Ахьмадукъас.
Омскехь, гостиницехь дата а летта, милицех вед да воьдуш, корах чу а кхоссавелла, хIинца а меттабаза бу-кх. .. - воьдуш лаьтташехь жоп ло Сапарбека.
Ша билггала ц1а маца вогIур ву ца элира оцу кIан та? - и сацо гIерта Ахьмадукъа. Амма важа ца соцу.
Ца элира, 1ай я бIаьста ван мега элира, - бохуш, дIавоьду иза.
«Ван мега, ван мега, - шабарш до Ахьмадукъас. - Маржа, Адам я1! Хьо ма яра сан ерриге а дегайовхо. Со кхузахь охьа а кхоьссина, лела воллу-те хьо? Ас хIун до кху ахчанах, ас хIун до?»
Эццахь машен соцу кетIахь. Цу чуьра арахьоьжучу жимчу стага мохь бетта:
Со ца вевза хьуна? Со хьуна цемент, тIулг, гIум кхехьнарг ма ву. Ахча-м кIезиг дац хьоьгахь. И хьоьгахь дуйла а хууш, цемент йохьуш веъна-кх со. Муха ца оьшу? ЦI енош чекхдаха дезаш вац хьо? Хьалха-м со гучуваларх а ца тешаш, охьа ма яссайора ахьа.
Ца оьшу... ЦIенош дан цемент оьшуш а ца хилле ра.
Ткъа хIун оьшуш хиллера, - оьгIазъоьху машен чуьрниг.
- Цахаьасуна-м.
- Ца хаахь, дIаIе. ХIара дIаэца нах-м дуккха а бу хьуна, багош а гIовттийна Iаш, - машен, говр санна, кхос са а йолуьйтуш, д1а а оьккхуьйтий, хохкий, къайлаво лу иза.
Ткъа Ахмадукъа тIаккха а 1а ша хиллачохь . Шийла дерз доладелча а, Iа. МаьркIажа хан хилча, боданах дIаоь иза.
©
Ахьмадан Муса
| оценка: |
|
| просмотров: |
903 |
| мнений: |
35 |
| закладка: |
|
 |
cо гал ца ваьллахь маьркхажаьхь дитташ боха книган т1ир дицар ду из |
+–
|
 |
del_cicig, гал ца ваьлла хьо.
Ахьмадан Муса.
Гулдина йозанаш.
5 жайнехь.
1-ра жайна.
Дийцарш Повесташ.
"Яздина 1988 шарахь. Изза ц1е а йолуш оццу сюжетана пьеса язйира автора 1987 шарахь. Дийцар дуьххьара арадаьлла "Маьрк1ажехь дитташ" жайнехь. Оьрсийн маттахь арадаьлла "Ночь в пустом доме" (Гочдархо - Н. Крылова) гуларехь".
_________________
Суьйренаш, Iуьйренаш, хIара даккхийрий Iаламаш кхиош кхобуш волу Эли, тхан дахар Хьо реза волуш беркате дехьа, тхан далар Хьо реза волуш ийманца дехьа! ХIара дуьне дитина тхо Хьайна доьхьал даьхкинчу дийнахь Айхьа Iаламал вазвина ваийтинчу Хьайн сийлахь Элчане шафаIат-до́ла дайтахьа тхуна!
|
+–
|
 |
такой тоскливый рассказ. и не очень к месту. в рассказе Падам ослушалась родителей, пошла против их воли и это есть сама суть трагедии. и не важно куда и что ей хотелось.
_________________
Дехар ду соьга адамийн мотт бийца. Со а г1уртур ю, Дала мукълахь, шуьца адамийн маттахь йист хила. |
+–
|
 |
Не просто так же автор рассказывает о: "дискотеке", "танцах", "Iаьржачу Iадатийн бода", "суна серло еза, светомузыка", "хьо хIокху заманан гIиллакхашна дуьхьалъяла гIерта", "Падамах цIеяххана артистка хир ю", "кхуо кехата тIехь яздо, шена артистка хила лаьа бохуш", "ша боданехь латтайо, серло а ца гойтуш", "ва-а, Дела, хьо юьхьIаьржо", "хьан-хьайн доьзалхочух гIам хилча, тIаьхьара зама муха ца хуьлу", "хIун ду техьа йишех хиллачу гIеман бIаьргаш чохь", "тIаккха и цкъа а хьожур яц цхьаьнгга а, цул тIаьхьа - со а".
Автор очень ясно выложил главную мысль - несоответствие "хIокху заманан гIиллакхаш" и "серло, светомузыка" нашим обычаям и традициям, или как их сторонники "серло" называли "Iаьржачу Iадатийн бода". Этот рассказ "история" наших рок-групп, народных артистов, и т.д. Примерно такого же сюжета несколько рассказов Айдамирова, правда они как бы написаны в услужение "серло и светомузыке", в одном из которых главная героиня хочет стать то ли акробатом, то ли кем-то еще в местном клубе. И конечно же у него "серло и светомузыка" под конец торжествуют.
_________________
Суьйренаш, Iуьйренаш, хIара даккхийрий Iаламаш кхиош кхобуш волу Эли, тхан дахар Хьо реза волуш беркате дехьа, тхан далар Хьо реза волуш ийманца дехьа! ХIара дуьне дитина тхо Хьайна доьхьал даьхкинчу дийнахь Айхьа Iаламал вазвина ваийтинчу Хьайн сийлахь Элчане шафаIат-до́ла дайтахьа тхуна!
|
+–
|
 |
при всем уважении, но здесь не описывается история никаких рок-групп и народных артистов. здесь описывается семья, в которой случился "перелом" и все пошла наперкосяк. я повторюсь- дети пошли против воли родителей и надо понимать, что в этом вина не только детей. что посеешь- то пожнешь. к великому сожалению это так, иначе можно было бы при дурных родителях и такой же обстановке в доме надеяться на приличных детей. если бы рассказ был опубликован без всяких "поддержок" и "ссылок" на еще что-то, было бы приятно поставить все пять звезд за нужный рассказ, но связывать таких два абсолютно разных событий никто не имеет права. иначе- двух сестер матиевых вы обвиняете в том что они опозорили семью. ни я, ни ты Каим, никто другой судить не в праве.
_________________
Дехар ду соьга адамийн мотт бийца. Со а г1уртур ю, Дала мукълахь, шуьца адамийн маттахь йист хила. |
+–
|
 |
ч1епалг,
при еще большем уважении, позволю себе не согласиться с тобой. Хотя каждый видит смысл по-своему.
Я конечно никого не сужу, для суда есть специальное заведение Суд. Но я поддерживаю Нарта.
В том-то и дело что многие не считают "роккерш сестер или дочерей" позором семьи. Но, согласись, большинство вайнахов, придерживающихся законов гор, т.е. наших адатов, наших традиций, наших понятий, не смогут согласиться с этим мнением.
И лично я посчитал бы для себя позором, если бы моя сестра была роккершой. Это было бы позором не только для моей семьи, но и для всех родственников семьи.
Ну а насчет "истории"... Не буду спорить, с тобой, ч1епалг, но объясню почему этот рассказ "история". Все мы знаем что до прихода Советской власти у нас не было никаких артистов, не было женщин певиц, поющих песни о "безам", не было мужчин распевающих песни об этом же. Даже сегодняшние некоторые старики, когда слышат этих певцов, называют их "сий дайна х1уманаш", потому что для них это "дико", что мужчина-вайнах распевает песни под музыку. Так вот, раньше у нас этого не было, но эти артисты начали появляться в период Советского времени, под воздействием школы, клуба, общественных организаций. Если кто-то хотел противиться тому что его дочь будет артисткой, то - цитирую - "Хьо мел дуьхьал вийлахь а, Iедало хьан хама а ца беш, юьгур а ю. Эшахь, хьо а вуьгур ву, со а... Кхийтирий хьо?" Вот так и становилось новое поколение, которое шаг за шагом становилось точь в точь как "трудящиеся народы". То что мы имеем сегодня - пьянство, наркомания, плохое поведение обоих полов, несоблюдение представителями обоих полов самых примитивных и известных обычаев, почти полное укоренение правильного сознания народа - все это результат воздействия "чужой культуры", которая нам насаждалась силой. Как это было мы видим в этом рассказе.
Надеюсь что мысль дошла.
_________________
Суьйренаш, Iуьйренаш, хIара даккхийрий Iаламаш кхиош кхобуш волу Эли, тхан дахар Хьо реза волуш беркате дехьа, тхан далар Хьо реза волуш ийманца дехьа! ХIара дуьне дитина тхо Хьайна доьхьал даьхкинчу дийнахь Айхьа Iаламал вазвина ваийтинчу Хьайн сийлахь Элчане шафаIат-до́ла дайтахьа тхуна!
|
+–
|
 |
Цитата: ч1епалг ни я, ни ты Каим, никто другой судить не в праве. почему, кстати?Будет их (как и всех) Всевышний судить (по намерениям). А мы же можем осуждать (делиться друг с другом мнением по важным на наш взгляд общественным вопросам, тут ещё и морально-нравственная подоплека) на основе фактов, т.к. намерения нам неведомы. Не так? Или это попадает под категорию гIибат?
_________________
Созидай! |
+–
|
 |
Qaim, я не буду продолжать дискуссию на тему "рок в нашей среде", и свой изначальный пост писала не для этого, иначе было бы легче пройтись до соседней темы и написать там. Цитата: Бибулат т.к. намерения нам неведомы. я об этом. не знаешь- не говори не суди и не осуждай.
_________________
Дехар ду соьга адамийн мотт бийца. Со а г1уртур ю, Дала мукълахь, шуьца адамийн маттахь йист хила. |
+–
|
 |
ч1епалк, ахь фу ях ваще дуй хьун ? ) |
+–
|
 |
Цитата: borz ч1епалк, ахь фу ях ваще дуй хьун ? ) д1авала сун=))))))))))))))) я тут умничаю, не мешай=)))
_________________
Дехар ду соьга адамийн мотт бийца. Со а г1уртур ю, Дала мукълахь, шуьца адамийн маттахь йист хила. |
+–
|
 |
умничать-м ца хаьа сун, амма и аватар ю хьа мосчный дуй хьун)) как ты поставила движущуюся картинку? связи с Вахой помогли шоли? =) |
+–
|
 |
Цитата: borz связи с Вахой помогли шоли? =) да, а админ дал благословение по старой дружбе и сказал, что если что его друзья прикроют с воздуха ))))) просто взяла и поставила, она и отобразилась.
_________________
Дехар ду соьга адамийн мотт бийца. Со а г1уртур ю, Дала мукълахь, шуьца адамийн маттахь йист хила. |
+–
|
 |
Цитата: Qaim То что мы имеем сегодня - пьянство, наркомания, плохое поведение обоих полов, несоблюдение представителями обоих полов самых примитивных и известных обычаев, почти полное укоренение правильного сознания народа - все это результат воздействия "чужой культуры", которая нам насаждалась силой. подписываюсь! а дальше приняв эстафету мы охотно продолжаем ее "насаждение". х1ар вей проггрессишт кхетарам бац кхунах, уверен последователи прихотей своих ничуть не чистой морали... а еще Рамзеса не любят а делают и поддерживают тоже что и этой шайтан. Между ними никакой разницы... а еще поддерживают сопротивления, с такими взглядами на будущее чеченского народа по пути ли вам о " патриоты"?
_________________
Гнев затмевает разум!
Сеющий в плоть свою, от плоти пожнет тление, а сеющий в дух от духа пожнет жизнь вечную. (Гал. 6:8)
Пророк сказал: «Я непричастен к каждому мусульманину, проживающему за спинами многобожников» (Абу Дауд, Тирмизи) |
+1–
|
 |
Qaim! Вон х1ума хьайга хийцалахь куьйгаца хийца бах вайга, куьйгаца ца хийцалахь дашца хийца бах, нагахь дашца а ца хийцалахь дагца халахета бах. Дала аьтту бойла хьан, хьай декхар т1ера даьккхина ахьа, сан ваша!
_________________
Подлинная борьба - борьба с самим собой! |
+–
|
 |
Timurr,
Суна лиинчух кхета ма-везза хьо кхетта хазахийти, Дела реза хуьлда хьуна!
_________________
Суьйренаш, Iуьйренаш, хIара даккхийрий Iаламаш кхиош кхобуш волу Эли, тхан дахар Хьо реза волуш беркате дехьа, тхан далар Хьо реза волуш ийманца дехьа! ХIара дуьне дитина тхо Хьайна доьхьал даьхкинчу дийнахь Айхьа Iаламал вазвина ваийтинчу Хьайн сийлахь Элчане шафаIат-до́ла дайтахьа тхуна!
|
+–
|
 |
Qaim, рассказ очень хороший, как и многие ранние рассказы Мусы Ахмадова. Я читала его еще в школьные годы. Но, перечитав его еще раз с тове й подачи (Дела реза хуьйла хьуна!), я подумала, что все-таки все не так просто, как мы иногда думаем. Возьмем, к примеру, автора. Ты говоришь, что " Автор очень ясно выложил главную мысль - несоответствие "хIокху заманан гIиллакхаш" и "серло, светомузыка" нашим обычаям и традициям, или как их сторонники "серло" называли "Iаьржачу Iадатийн бода". Этот рассказ "история" наших рок-групп, народных артистов, и т.д. ". ТЫ прав. Но... Замечательный писатель, так достоверно описавший мучительный чеченский конфликт, возникший в том числе и на почве того, что женщина решила стать артисткой, думал ли он, когда писал, что его очень близкая родственница будет певицей? И петь песни на его стихи? К слову сказать, та, о которой я говорю, поет хорошо, намного лучше сотен дурочек, заполонивших "голубые экраны", и репертуар хороший, я вот тоже себе с интернета скачала пару песен. Люди меняются с течением времени, меняются их убеждения, взгляды, позиции. Мне лично было бы интересно узнать позицию автора рассказа по данному вопросу, если бы это было возможно.
ларамца
_________________
Дехар ду соьга нохчийн мотт бийца. Со а г1уртур ю, Дала мукълахь, шуьца нохчийн маттахь йист хила. |
+–
|
 |
Дженщин в любой форме и проявлении требует уважения мужчины, если это мужчина |
+–
|
 |
tamasha,
Дела реза хилла хьуна а!
Мне кажется в данном рассказе что не имеет значения какие цели преследовал автор в его написании. Для нас важен сценарий, для важны действия, происходящие в рассказе. Т.е. некоторые авторы советского времени писали книги в угоду режиму, в поддержку режима. Такие книги пронизаны враждой к сущещствовавшим в то время традициям, они пронизаны ненавистью ко всему что могло противоречить коммун. идеологии - там высмеивается и религия, и традиции, и устои вайнахского общества. Даже такой вид творчества как анекдоты был зайдействован для достижения цели - изменения взгляда на жизнь у вайнахов. Но есть ли для нас - знающих и осознающих эту вражду с нашей религией и культурой - в чтении книг этих авторов? Ответ - несомненно есть. Мы можем узнать по этим книгам как происходил процесс "превращения" вайнахов. Читая литературу тогдашнего периода мы можем увидеть перед собой картину процесса "выведения" женщины в общественную жизнь, в "прогресс", в разного рода "культурные занятия" и т.д. К примеру, у Айдамирова есть примерно такой же рассказ о том, как одна замужняя женщина пожелала стать гимнастом-акробатом, или кем-то в этом роде, и выступать в одежде гимнастов-акробатов в местном сельском клубе. Я не могу перерассказать всю историю, и к сожалению забыл и имя сборника рассказов. Читая этот рассказ, как и рассказ Ахмадова, уносишься в то время, возвращаешься к ним, и представляешь борьбу "прогресса" и "черных традиций, пережитков прошлого". Читая такие рассказы, мы понимаем как в нашем обществе появилась и распространилась безнравственность, аморальность. (Как результат 70-ти летнего "превращения", и сегодня есть те, кто пьянство, курение, мини-юбку, и открытую голову женщины не считают аморальностью и безнравственностью, хотя раньше даже те кто и курил никогда не смели показывать себя курящими при старших или родителях).
В данном случае для нас важна сама мысль и суть, а не то что ближайшая родственница автора стала певицой. Возможно, что человек будет праведным, но его сын - безбожником. Пример тому история пророка Нуха, призывавшего к Аллах1у, но сын которого умер будучи неверным. Или история Фараона и его жены. Или примеры из нашей сегодняшней жизни - суна бевзачу дукхах болчу, бусалба динан накъостий а, имамаш а, молланаш а хилла болчу кегийчу нехан дай къаьркъанаш моьлаш хилла бу. Иза ч1ог1а тамашийна х1ума ду. Дагадог1у суна, цхьана имама жимчу стага, шега цхьана г1езалочо хьаьжин ц1ахь хаьттича, "вот ты мулла, а кем был твой отец?" - аьлла, делла жоп: "Пьяницей".
Ларамца.
_________________
Суьйренаш, Iуьйренаш, хIара даккхийрий Iаламаш кхиош кхобуш волу Эли, тхан дахар Хьо реза волуш беркате дехьа, тхан далар Хьо реза волуш ийманца дехьа! ХIара дуьне дитина тхо Хьайна доьхьал даьхкинчу дийнахь Айхьа Iаламал вазвина ваийтинчу Хьайн сийлахь Элчане шафаIат-до́ла дайтахьа тхуна!
|
+–
|
 |
Цитата: The Beatles 1) кто нибудь когда нибудь напишет про женщин стоящих на базарах по всему миру, пытаясь прокормить свои семьи? насколько это благое для нахской женщины занятие? что думают об этом мужчины? Да, это наша боль, не подобает, ни нахской женщине, да и вообще женщине-мусульманке простаивать на базарах. Эту проблему следует решать на уровне гос-ва. Но мне не совсем понятно какое это имеет отнощение к рок-группе и ей подобным. А может the Beatles предполагает, что если мы станем поощрять деятельность рок-групп, то наши женщины, найдя для себя соответствующее занятие покинут базары?!! В нахском обществе, да и вообще в Исламе женщине отведена самая важная роль, это - воспитание поколений, более того, она на равне с мужчиной - только не в физическом понимании этого слова - принимает участие в деле созидания: обучение, врачевание, журналистика, политика, наука, религия... Поверьте мне на слово братья и сестры! не наше это дело show business.
_________________
Подлинная борьба - борьба с самим собой! |
+–
|
 |
[The Beatles удалил комментарий] |
+–
|
 |
Beatles, всё что ты говоришь это правильно, готов подписаться под этим, искренне разделяю твою боль за судьбу народа и проблему женщины в нём, но только я никак не пойму, неужели появление рок-групп решает все эти проблемы? От этого станет выше статус женщин? Поднимется их моральная самооценка? Женщины массово побросают базарные лавки и ударятся в шоу-бизнес? Рокерша (или любая другая певица) - это женщина принимающая активное участие в общественной и политической жизни? Интересно, каким мозгом (спинным или головным) она принимает подобное участие в жизни общества? УМОЛЯЮ тебя, не занимайся подменой понятий, прикрываясь правильными и красивыми словами! Фарисейство говоришь...? Вот вот, именно оно самое. Для себя я ставлю проблему базаров, статуса женщин, морали и появление рокерш на одну планку. Это всё есть проявление приславутого падения нравов. И не надо рассказывать о том, что принятие каких либо "новых", "продвинутых" идей нас приведёт к светлому будущему. И на последок: Цитата: The Beatles КТО И ПО КАКОМУ ПРАВУ ОГРАНИЧИВАЕТ ИХ ДЕЙСТВИЯ И ОБРАЗ ЖИЗНИ? Для представителя нахского народа существуют два ограничителя: -религия, -обычаи народа, в частности кодекс "оьзденгалла". Действительно, никто не может ограничить или принудить человека силой, Я ЗА СВОБОДУ ВОЛИ, но я и за детерминацию понятий. Назвался нахом - веди себя как нах, или не обижайся, если другие не будут согласны с тобой в том. что ты причисляешь себя к данному сообществу. И тут дело не в девушках, они то на общем фоне ещё одуванчики, 90 процентам наших "муз. деятелей" до них далеко, тут дело просто в теории самого вопроса. И в этой связи, базарные женщины гораздо выше чем певуньи разного ранга, ибо на базар их выгнала суровая действительность, а не жажда к сомнительной славе. Базарные женщины это проблема социального характера в первую очередь, тогд как "проблема певиц" - исклучительно проблема нравственного восприятия мира.
_________________
Кругом лица лица ... и как мало из них обезображено знанием. |
+1–
|
 |
О проблеме женщин на базарах не говорили потому что не было интервью от них. О рокершах говорили в узкой теме - о рокершах вайнашках.
Есть огромная разница между проблемой "женщины на базаре" и между проблемой "вайнашка-рокерша". Большинство вайнахских женщин вышли на базар из-за необходимости, из-за острой нужды, как говорится из-за куска хлеба. А рокерши и им подобные занимаются своим творчеством из-за простого желания, пусть хоть и зарабатывают на этом. Не нужда прокормления детей их заставила заняться этим "промыслом". Проблема "женщины на базаре" перестанеть сущещствовать как только мужчина начнет выполнять свои обязанности. Timurr, правильно заметил корень проблемы - именно после того как на государственном уровне будет решена проблема безработицы, проблема минимума прожиточного уровня, мужчины смогут выполнять свои обязанности. Женщина вышла на базар из-за социальных бед и потрясений, и как только мужчина начнет кормить семью она с удовольствием оставит этот базар. Все что сказано выше говорится из реальной жизни, из практики. "Женщина на базаре" перестанет быть "проблемой" если решить проблему социального устройства общества, а при решении каких проблем общества рокерши и им подобные перестанут быть такими?
"Для представителя нахского народа существуют два ограничителя: -религия, -обычаи народа, в частности кодекс "оьзденгалла".
Мел дика, доцца аьлла ду иза.
The Beatles, на твой вопрос о праве ограничения образа жизни и действия, встает такой вопрос: кто вправе ограничивать и порицать проституцию, наркоманию, предательство, вероотступничество, ханжество, фарисейство, и т.д. если кто-то захочет принять их для себя как образ жизни? Я уверен что ты порицаешь и осуждаешь такие действия, но по твоей же логике, встает вопрос: по какому праву?
_________________
Суьйренаш, Iуьйренаш, хIара даккхийрий Iаламаш кхиош кхобуш волу Эли, тхан дахар Хьо реза волуш беркате дехьа, тхан далар Хьо реза волуш ийманца дехьа! ХIара дуьне дитина тхо Хьайна доьхьал даьхкинчу дийнахь Айхьа Iаламал вазвина ваийтинчу Хьайн сийлахь Элчане шафаIат-до́ла дайтахьа тхуна!
|
+–
|
 |
Цитата: cyberBORZ Для представителя нахского народа существуют два ограничителя: -религия, -обычаи народа, в частности кодекс "оьзденгалла". Действительно, никто не может ограничить или принудить человека силой, Я ЗА СВОБОДУ ВОЛИ, но я и за детерминацию понятий. Назвался нахом - веди себя как нах, или не обижайся, если другие не будут согласны с тобой в том. что ты причисляешь себя к данному сообществу. Дала си дойла х1а... кхи хал х1ума ма дац, задумались бы на выделенным...не толкая свой народ делом и словом, в общую массу потерявших свякую мораль человеческих масс называемых еще нациями и народами. Дала собур лойла вейн массарна.
_________________
Гнев затмевает разум!
Сеющий в плоть свою, от плоти пожнет тление, а сеющий в дух от духа пожнет жизнь вечную. (Гал. 6:8)
Пророк сказал: «Я непричастен к каждому мусульманину, проживающему за спинами многобожников» (Абу Дауд, Тирмизи) |
+–
|
 |
Цитата: The Beatles вот что я имел в виду
а) о женщинах: участие Баркалла, за такое детальное разъяснение, я не задавался целью, столь озадачить тебя, но это твой выбор. Я бы предложил, себе в первую очередь, затем и остальным, не кидаться в крайности и не осложнять, ибо нам велено облегчать.
_________________
Подлинная борьба - борьба с самим собой! |
+–
|
 |
интересно можно ли считать нохчи тово кто не говорит на языке нохчи ?
вот вы все говорите о том какие должны быть нохчи иман 1адат ну и таму подобные веши а сами думаете на русском языке соответственно он для вас родной так кто вы русские ? |
+–
|
 |
Цитата: del_cicig интересно можно ли считать нохчи тово кто не говорит на языке нохчи ? Почему бы и нет, можно, просто следует добавить "Велла" нохчо)). Цитата: del_cicig а сами думаете на русском языке соответственно он для вас родной так кто вы русские ? Когда я говорю на английском, я думаю на английском, а когда говорю на арабском, думаю на арабском, но это не значит, что я англичанин, или араб)).
_________________
Подлинная борьба - борьба с самим собой! |
+–
|
 |
есть такое понятие что человек думает на том языке на котором он больше общается |
+–
|
 |
[The Beatles удалил комментарий] |
+–
|
 |
Битлз, мое вам почтение.
_________________
Дехар ду соьга адамийн мотт бийца. Со а г1уртур ю, Дала мукълахь, шуьца адамийн маттахь йист хила. |
+–
|
 |
"знаешь я наверное скажу крамольную с твоей точки зрения вещь, но в глубине души я не порицаю и не осуждаю ниодно явление, которое не затрагивает свободы личности и действий окружающих. такой я либерал".
Раз ты сторонник такого либерализма, не осуждающего и не порицающего такие явления как проституция, мужеложство, наркоманию, умерщвление самого себя, и подобные им упадки, мне кажется что мы с тобой никогда не придем к общему, и не найдем общий язык в вопросах свобод человека, аморальности, и хорошего поведения. Мне кажется что ты мыслишь не как вайнах, знающий, чтущий, и пытающийся сюблюдать свою культуру, тардиции, и свое мировоззрение, а как англо-америко-франко либерал, котрому нет никаких нравственных границ, лишь бы поведение человека не мешало окружающим. Кстати, это одна из самых основных сторон расхождения Исламского мировоззрения с тем либерализмом, сторонником которого ты себя считаешь. В Исламе все те упадки и мерзости запретны, и обязанность каждого мусульманина ненавидеть их и порицать их, даже если они в понятиях и умах некоторых людей "не наносят вред окружающему обществу". Также это должно отражаться на законах, поэтому, исламское общество никогда не может разрешить себе мужеложство и "гуляние по обоюдному согласию". Хотел бы задать один последний вопрос, хоть и боюсь что он может задеть твою душу. В глубине своей души, одобрил бы ты эти мерзости для своих родных? Можешь не отвечать, это просто чтоб мы с тобой могли подумать над последствиями "либерализма".
Насчет "чморения девушек". Это обвинение не совсем к месту. В этой теме, "сторонниками морали" не были названы ничьи имена. Здесь обсуждалось явление: рокерши-вайнашки, или артистки-вайнашки и несоответствие их деятельности вайнахским традициям.
_________________
Суьйренаш, Iуьйренаш, хIара даккхийрий Iаламаш кхиош кхобуш волу Эли, тхан дахар Хьо реза волуш беркате дехьа, тхан далар Хьо реза волуш ийманца дехьа! ХIара дуьне дитина тхо Хьайна доьхьал даьхкинчу дийнахь Айхьа Iаламал вазвина ваийтинчу Хьайн сийлахь Элчане шафаIат-до́ла дайтахьа тхуна!
|
+1–
|
 |
[The Beatles удалил комментарий] |
+–
|
 |
"судить его за это имеет право только его Создатель"
Для мусульманина, для наха, мораль и закон есть мораль и закон Создателя. И я пытаюсь жить по той морали и по тем законам о которых говорит нам Создатель. Пытаюсь жить по ним и в виртуале и в реале. Даже если кто-то считает их миром иллюзий. К этой же морали и законам призываю и всех других, потому что Создатель обязывает и меня и тебя и всех нас призывать к "Своей морали и к Своим законам". (Конечно появится тот кто посчитает эти слова "виртуально-религиозным регрессом".).
"это насколько я понял типа серпом по одному месту?"
Вовсе нет, просто это один из видов объяснения. Как-то к Пророку Мухаммаду - мир и благословение Аллах1а ему - пришел один человек, и пропросил его разрешить ему прелюбодеяние. Пророк его спросил: "Согласен ли ты чтоб это деяние было совершено с твоей матерью, сестрой, или женой?" Он ответил отрицательно. Тогда Пророк объяснил ему, что другие тоже не хотят этого для своих жен.
Да и эти мерзости были упомянуты как самые общеизвестные, как пример, но не как самые и самые. И человеческое обращение с людьми в Голландии не делает марихуану хорошей, и наркомана "идеалом либерализма", поэтому наверно не стоит связывать одно с другим. Наверняка, если бы в пример были приведены "концлагеря", то нашелся бы кто описал бы это борьбой с фашизмом в веб-пространстве.
Мир тебе, The Beatles. Я тебя не знаю, и ничего против тебя не имею. Мы обсуждаем и говорим о "мировоззрениях", о "понятиях", о "явлениях" и "процессах", не о конкретных людях.
_________________
Суьйренаш, Iуьйренаш, хIара даккхийрий Iаламаш кхиош кхобуш волу Эли, тхан дахар Хьо реза волуш беркате дехьа, тхан далар Хьо реза волуш ийманца дехьа! ХIара дуьне дитина тхо Хьайна доьхьал даьхкинчу дийнахь Айхьа Iаламал вазвина ваийтинчу Хьайн сийлахь Элчане шафаIат-до́ла дайтахьа тхуна!
|
+1–
|
 |
Qaim
Бесполезно...
"Делайте все, что пожелаете, вы свободны в этом мире, но не забывайте, что за всем вам придеться отвечать!" (хадис)
Дала аьтто бойла вей массера, если у нас и "стой" и с "этой" стороны, действительно болит сердце за наш народ и его будущее. А пути к этому будущем могут быть разные, в конечном итоге результат мы увидем. И не важно кто ошибался, Дала мукъ лахь хотябы в благих намерениях не прогодаем в мире вечном, ну а в этом: что посеем, то и пожнем.
_________________
Гнев затмевает разум!
Сеющий в плоть свою, от плоти пожнет тление, а сеющий в дух от духа пожнет жизнь вечную. (Гал. 6:8)
Пророк сказал: «Я непричастен к каждому мусульманину, проживающему за спинами многобожников» (Абу Дауд, Тирмизи) |
+–
|
 |
Дела реза хьулда, Къаим! Я еще давно читала эту повесть на русском, очень понравилась. Не знала, что и есть и на нашем языке. Поучительная. Как раз начало начал. Девушка, которая хочет на дискотеку, и уходит из дома, сын-наркоман - если в 80-х это было не так распространено, то теперь уж... |
+1–
|
 |
Малха Аьзни,
Юха а, Дела реза хьуна а хуьлда!
_________________
Суьйренаш, Iуьйренаш, хIара даккхийрий Iаламаш кхиош кхобуш волу Эли, тхан дахар Хьо реза волуш беркате дехьа, тхан далар Хьо реза волуш ийманца дехьа! ХIара дуьне дитина тхо Хьайна доьхьал даьхкинчу дийнахь Айхьа Iаламал вазвина ваийтинчу Хьайн сийлахь Элчане шафаIат-до́ла дайтахьа тхуна!
|
+–
|
Информация
 Посетители, находящиеся в группе Незарегистрированные, не могут оставлять комментарии в данной новости.
|
Лучшие публикации
|