Нахский
журнал

Тептар
Нахская раскладка обновлена до версии 2.0.
Логин  
Пароль  
 

Пийлан кIорни — Слоненок

26 июля 2007
Сан жима доттагIа, хьуна моьтту хир ду Пийлан гуттар а цIом хилла? ХIан-хIа, дуккха а зама хьалха цхьа а цIом Пийлан дацара.


1 .
Iаьржа а болуш, гIеххьачу мачанан барамехь, хьокхам санна, мара бара цуьнан. И мара массо а агIор дIасалесташ бара, амма цхьана а хIуманна пайденна бацара: ишттачу мераца лаьттара хIумма а схьаэцалур юй?
Иштта оцу хенахь, дуккха а зама хьалха, ехаш яра цхьа Пийл, ма-дарра аьлча, Пийлан кIорни. Массо а хIума чIогIа хаа лууш яра иза, шена милла а гича, цуьнга хаттарш дора цо. Иза Африкехь ехаш яра, ерриг а Африка, хаттарш деш, хьийзайора цо.
Шен лекхачу децига Страусе хоьттура цо, цуьнан цIоганна тIехь йолу месаш иштта хIунда ю, вуьшта хIунда яц бохуш. Лекхачу децас шен чIогIа-чIогIа болу мийра тухура цунна тIаккха.
Беха когаш болчу шен девеше Жирафе хоттура цо, цуьнан цIокана тIехь томмагIаш хIунда ду. Беха когаш болчу девашас шен чIогIа-чIогIа йолу берг тухура цунна.
Амма, мел шена йиттича а, иза хаттарш ца деш ца Iара.
Шен ерстинчу децига Бегемоте цо хоттура, цуьнан бIаьргаш цIен хIунда бу. ТIаккха ерстинчу децас шен стомма-стомма берг тухура цунна.
Амма шена мел йиттича а, иза хаттарш ца деш ца Iара.
Шен чо болчу девеше Павиане цо хоттура, массо а пастанаш сел мерза хIунда ю. ТIаккха чо болчу девашах Павиана дуькъа чоьш тIехь долу шен тIод тухура цунна.

Амма, шена мел йиттича а, иза хаттарш ца деш ца Iара.
Шена хIуъа гича а, хIуъа хезча а, стеннан а ша хьожа яьккхича а, стеннах а дIахьакхаелча а – цу сохьта цунах лоций хаттар лора цо, цу сохьттехь хIума а кхетара цунна берриг а девежаршкара а, дейижаршкара а.
Амма, шена мел йиттича а, иза хаттарш ца деш ца Iара.


2 .
Цкъа, цхьана хазчу Iуьйранна, де буьйсанца нислун хан тIекхачале, массарна а шен хаттаршца кIординчу оцу Пийлан кIорнино ша хьалха цкъа а ца хаьттина долу хIума хаьттира.
Цо хаьттира:
– Крокодило хIун йоу?
Массара а, кхерабелла, маьхьарий хьаькхира:
– Тс-с-с!
Цул тIаьхьа, кхин хIумма а ца олуш, цунна хIума етта йолийра цара.
Са а ца доIуш, ехха йиттира цара Пийлан кIорнина, амма уьш совца ма севццинехь, цо, едда, кIохцалийн коьллаш юккъехь Iачу Колоколо цIе йолчу олхазарна тIе а яхана, элира:
– Сан дас а, сан нанас а йиттира, массо а сан девежарша а, дейижарша а йиттира суна, доллу хIума со хаа гIерташ хиларна. ХIетте а, суна чIогIа хаа лаьара-кх, Крокодило хIун йоу?
ТIаккха сингаттамечу а, чIогIачу а озаца Колоколос элира:
– Тийначу а, боьхачу а, вон хьожа йогIучу а Лимпопо-хин бердан йисте гIо. Массарна а хорша йоуьйтуш ду цу хин бердаш тIера дитташ. Цигахь дерриге а хуур ду хьуна.
ШолгIачу Iуьйранна, де буьйсане нислучу хенах хIумма а ца йисча, дерриге а хаа лууш йолчу Пийлан кIорнино шовзткъе итт кийла бананаш а, кхин а шовзткъе итт кийла мерза эрз а, юуш багахь къарс деш йолу вуьрхIитта паста а кечйира!
И берриге а стоьмаш шен ги а тоьхна, хьомечу гергарчийн Iодика а йина, новкъаелира иза.
– Iодика йойла шун! – элира цо цаьрга. – Тийна а, боьха а, вон хьожа йогIу а Лимпопо-хи долчу йоьду со. Массарна а хорша йогIу лазар тухуш ду цу хин бердаш тIера дитташ. ХIуъа хилахь а, цигахь хуур ду суна Крокодило хIун юу.
Шайна хало ма яхьара аьлла, Пийлан кIорнино чIогIа гIиллакхе дехар шайга диннашехь, кхуьнан гергарчара дикка хIума туьйхира кхунна, Iодика еш.
ГIеххьа хьакхийна а йолуш, амма цуьрриг цецъяьлла а йоцуш, уьш болчуьра дIаяхара пийлан кIорни.
Пастанаш а юуш, чкъоьргаш лаьтта охьа а кхуьйсуш, йогIура иза, хIунда аьлча и чкъоьргаш цуьнга схьа ца эцалора.
Грэм-гIалара Кимберлей-гIала яхара иза, Кимберлей-гIалара Хаман махка яхара, Хаман махкара малхбалехьа а, къилбседехьа а яхара.
Новкъа мел йогIу, пастанаш а юуш, еара Пийлан кIорни. Эххар а тийначу а, боьхачу а, вон хьожа йогIучу Лимпопо-хи тIе кхечира иза. Колоколо-олхазаро дийцина дитташ дара цу хинан бердаш тIехь.
Ткъа хьуна хаа деза, сан жима доттагIа, и кIира а, и де а, и сахьт а, и минот а тIекхаччалц, дерриг а хаа лууш йолчу вайн Пийлан кIорнина Крокодил цкъа а гина яцара, ур-атталла и хIун ю а ца хаьара цунна. Муха хета хьуна, мел чIогIа лаьара цунна иза ган!
Уггар а хьалха цуьнан бIаьрг кхеттарг Ши бос болу Питон, Тархан саьрмик бара. Цхьана тархана гонах а хьаьрчина, Iуьллура иза.
– Бехк ма биллалахь! – элира Пийлан кIорнино чIогIа гIиллакхе. – ХIокху меттехь цхьанхьа а Крокодил гиний хьуна? Кхузахь-м атта тилалур ву.
– Крокодил гиний суна? – ца ешаш юхахаьттира Ши бос болчу Питона, Тархан Саьрмико. – Хатта хIума карийна хьуна!
– Бехк ма биллалахь! – бохура Пийлан кIорнино. – Ахьа эр дарий соьга, Крокодило хIун йоу хIума юучу хенахь?
КхидIа са ца тохаделира Ши бос болчу Питоне, Тархан Саьрмике. Сиха схьа а бастабелла, шен деха цIога туьйхира цо Пийлан кIорнина. Ткъа цуьнан цIога, кIа оруш болу хьокха санна а долуш, дерриг а тIехь пелагаш а долуш дара.
– ХIара ма тамашийна хIума ду! – элира Пийлан кIорнино. – Сайн дас а, нанас а, девашас а, дейишас а, вукху девашас а, Павиана а, вукху дейишас Бегемота а еттара суна, со дерриг а хаа лууш хиларна, ткъа кхузахь а, суна ма-гарра, изза дIадолалуш ду.
Ши бос болчу Питонан, Тархан Саьрмикан, чIогIа гIиллакхе Iодика а йина, тархах дIахьарчабала цунна гIо а дина, кхидIа а шен новкъа дIаяхара Пийлан кIорни.
Цунна дикка хIума кхеттера, делахь а иза оцу балхах башха цец а ца яьллера. Юха а пастанаш а юуш, йогIура иза, юха а чкъоьргаш лаьтта охьакхуьйсура цо, хIунда аьлча, кхин цкъа а боху ас, цо стенца схьаоьцур яра уьш?
Кестта тийначу а, боьхачу а, вон хьожа йогIучу а Лимпопо-хин бердан йистехь Iуьллучу цхьана «хенна» тIекхечира Пийлан кIорни. Амма, ма-дарра аьлча, сан жима доттагIа, иза хен бацара, иза Крокодил яра. Крокодило бIаьрг таIийра – иштта аьлла!
– Бехк ма биллалахь! – элира цуьнга Пийлан кIорнино чIогIа гIиллакхе. – Кху меттигашкахь цхьанхьа а Крокодил гиний хьуна?
Крокодило, важа бIаьрг а таIийна, шен цIога ах хи чуьра хьаладаьккхира. Пийлан кIорни (юха а чIогIа гIиллакхе!) юхаелира, хIунда аьлча цунна ца лаьара шена хIума тохийта.
– ХIоккхуза схьайоьл, сан жиманиг! – элира Крокодило. – Хьуна иза стенна оьшу?
– Бехк ма биллалахь! – элира Пийлан кIорнино чIогIа гIиллакхе. – Сан дас а, сан нанас а, сан лекхачу децас Страуса а, беха когаш болчу сан девашас Жирафа а, вукху сан децас, ерстинчу Бегемота а, вукху сан девашас, чо болчу Павиана а, еттара суна, ткъа хIинцца Ши бос болчу Питоно, Тархан Саьрмико а йитти суна, чIогIа лаза а еш. ОьгIаз ма гIолахь, сайна юха а еттийла ца лаьа суна.
– Кхуза схьйоьл, сан жиманиг, – элира Крокодило. – Крокодил со ма ю.
Эццахь иза шен Крокодилан бIаьрхиш Iено йолаелира, ша билггал Крокодил юйла хаийта гIерташ.
Пийлан кIорнина чIогIа хазахийтира. ТIех йоккхаерна, са а ца даккхалуш, гора а хIоьттина, цо мохь туьйхира:
– Хьо ма ю суна оьшург! Масийтта де ду ас хьо лоьху! Алахьа соьга сиха, ахь хIун йоу хIума юучу хенахь?
– Схьайола улло, аса иза лергахь эр ду хьуна.
Пийлан кIорнино шен корта ира кIомсарш йолчу Крокодилан бета улло баьхьира. Крокодило цуьнан жимачу мерах ка туьйхира, и мара, и кIира а, и де а, и сахьт а, и минот а тIекхаччалц, мачанал бен бацара.
– Суна схьахетарехь, – элира Крокодило цергаш юккъехула, – тахана ас хьалха юун ерг Пийлан кIорни ю-кх.
Пийлан кIорнина, сан жима доттагIа, чIогIа ца тайра иза. Цо халла элира, дIакъевлинчу мерехула са а ца даIалуш:
– ДIахеца, сад дара лазабо! (ДIахеца, сан мара лазабо!)
Эццахь Ши бос болчу Питоно, Тархан Саьрмико, кхунна уллохьа а текхна, элира:
– Нагахь хьо, сан къона доттагIа, хьайн ницкъ ма-кхоччу, юха ца гIортахь, «цхьаъ, шиъ, кхоъ!» ала хьо кхиале, оцу тIаьрсиган галица (иштта цIе йоккхура цо Крокодилан) хьан къамел хиларан бахьненна, дIора хи чу кхочур ю-кх хьо.
Ши бос болчу Питонаша, Тархан Саьрмикаша, гуттар а олу иштта. ТIехьарчу когаш тIе а хиъна, шен мара схьаозийра Пийлан кIорнино. Цо иза озийра, озийра, озийра, тIаккха цуьнан мара бахбала болабелира.
Ткъа Крокодило, гено хи чу юха а яьлла, шен цIога а детташ, хи чохь чопа яьккхира. Цо а дIаийзабора, ийзабора, ийзабора Пийлан кIорнин мара.
Мара бахлуш бара, Пийлан кIорнино шен беа ког гIортийра, оццул кегийра пийлан когаш. Иза юхагIертара шен ма-хуьллу, ткъа мара кхин тIе а бахлуш бара.
Пийсак санна, шен цIога хи чу а детташ, мара дIаийзабора Крокодило. Цо дIа мел ийзабо, Пийлан кIорнин мара бахлуш бара, ткъа лаза мел чIо-о-огIа бора иза!
ЦIаьххьана шен когаш лаьттахула дIашершаш хаабелира Пийлан кIорнина. Шен дикка бахбеллачу мерехула мохь туьйхира цо:
– Тоьар ду! Да ийзабе сад дара! Сад кхид тоха са дац! (Тоьар ду! Ма ийзабе сан мара! Сан кхин тоха са дац!)
Иза шена хезча, Ши бос болу Питон, Тархан Саьрмик, тарха тIера чу а иккхина, ши го а боккхуш, Пийлан кIорнин тIехьарчу когех хьаьрчира. Цо элира:
– ХIе-е, марша лела ца хуу, сонта некъахо! Ницкъ ма-кхоччу тасадала деза вайшиъ, хIунда аьлча, суна хетарехь, дийна бера болу и хинкема (иштта цIе йоккхура цо Крокодилан) хьан къона дахар хIаллакдан гIерта!
Ши бос болчу Питонаша, Тархан Саьрмикаша, гуттар а олу иштта.
ТIаккха Саьрмико схьаийзайора, Пийлан кIорнино схьаийзайора, амма дIаийзош Крокодил а яра. Цо ийзайора, ийзайора, амма Пийлан кIорни а, Ши бос болу Питон, Тархан Саьрмик а ондо хиларна, эххар а, Пийлан кIорнин мара дIахеца дийзира Крокодилан. ДIа а хецаелла, хи чу йоьжначу Крокодило яьккхина гIовгIа дерриг а Лимпопо-хи тIехь хезира.
Ша лаьттачохь кIегар кхетта йолу Пийлан кIорни чIогIа лазийра, амма Ши бос болчу Питонна, Тархан Саьрмикна, баркалла ала кхиира иза.
Цул тIаьхьа шен бахбинчу меран терго йира цо: шийло долу бананан гIаш гонах а хьарчийна, тийначу а, боьхачу а, вон хьожа йогIучу а Лимпопо-хи чу Iоьттира, жимма мукъане а иза шелбан.
– Иза хIунда до ахь? – хаьттира Ши бос болчу Питоно, Тархан Саьрмико.
– Бехк ма биллалахь! – элира Пийлан кIорнино. – Хьалхалера куц дайна х1окху сан меран, иза юха а, ша ма-хиллара метта бог1ур бацара те бохуш, йоллу со.
– Дуккха а Iа-м деза хьан хIета, – элира Ши бос болчу Питоно, Тархан Саьрмико. – Ма тамашийна бу-кх хIара цхьаберш, шайна хиллачу пайданах а ца кхеташ.


3 .
Кхаа дийнахь хин йисте а хиина Iийра Пийлан кIорни, шен мара бацбаларе сатуьйсуш. Амма мара бац-м мухха а ца белира – иза бахьана долуш Пийлан кIорнин бIаьргаш гIеххьа гIунжар-м девллера.
ХIунда аьлча, сан жима доттагIа, хьо хIинца кхетта хир ву, Крокодило Пийлан кIорнин мерах, озийна, цIом дина хилар – хIинца долчу Пийлин цIом дара иза ша ма-дарра.
КхоалгIачу дийнахь суьйранна беанчу мозано Пийлан кIорни къовзийра, тIаккха цо, ша иза муха до а ца хууш, шен цIом тоьхна и моза бийра.
– Хьажал, иза хьалхара пайда бу хьуна! – элира Ши бос болчу Питоно, Тархан Саьрмико. – Айхьа ойлаел: хьалхалерчу хьайн мераца хьоьга и саннарг далур дарий? Ткъа хIинца хIума кхоллур ярий ахьа?
Пийлан кIорнино, иза шен муха нисдели а ца хууш, цIом лаьтта тIе а кховдийна, бецан йоккха курс яьккхира. Шен хьалхарчу когех тоьхна, тIера чан дIа а яьккхина, бага яхийтира цо иза.
– Хьажал, иза шолгIа пайда бу хьуна! – элира Ши бос болчу Питоно, Тархан Саьрмико. – Хьайн хьалхалерчу жимачу мераца хьоьга иза аьттехьа а далур дацара!
– ДIахьажал, малх Iаьткъича санна, хетий хьуна?
– Дера, иза иштта-м ду,– элира Пийлан кIорнино.
ТIаккха, ша иза муха до а ца хууш, шен цIоьмаца тийначу а, боьхачу а, вон хьожа йогIучу а Лимпопо-хи чуьра жимма сацкъар а баьккхина, шен коьрта тIе туьйхира цо. ТIеда сацкъар, локъам санна, чIапбелира, ткъа Пийлан кIорнин лергаш тIехула шортта хин Iовраш чухьаьвдира.
– Хьажал, иза кхоалгIа пайда бу хьуна! – элира Ши бос болчу Питоно, Тархан Саьрмико. – Хьайн хьалха хиллачу жимачу мераца хьоьга иза аьттехьа а далур дацара. Ткъа хIинца хIума тохарх лаьцна хIун ойла ю хьан?
– Бехк ма биллалахь, – элира Пийлан кIорнино, – суна, баккъал аьлча, ца деза сайна хIума тохар.
– Ткъа кхечунна айхьа тухуш хилча? – хаьттира Ши бос болчу Питоно, Тархан саьрмико.
– Иза-м, хаза а хеташ, дийр дара ас! – элира Пийлан кIорнино.
– Хьуна хIинца а ца бевза хьайн мара! – элира Ши бос болчу Питоно, Тархан Саьрмико. – Еккъа цIена хазна ю иза, мара хилла а ца Iаш. Хьанна а хIума тохалур ю цуьнца.
– Баркалла хьуна, – элира Пийлан кIорнино, – ас тидаме оьцур ду иза. ХIинца со цIа гIур ю. Сайн хьоме цIеранаш болчу а яхана, кху мерах хIун доллу хьожур ю со.
Юха Африкехула дIаяхара Пийлан кIорни, шен цIом лестош, самукъа а доккхуш.
Шена стоьмашка безам бахча, уьш дитта тIера схьабохура цо, хьалха санна, уьш лаьтта охьаэггалц, хьоьжуш а ца лаьтташ. Шена буц яа дог хилча, цо иза лаьтта тIера схьайоккхура, хьалха санна, гора а ца хIуттуш. Мозаша ша хьовзийча, дитта тIера га а доккхий, мохтухург санна, иза шена гонах ластадора цо.
Малх Iаьткъича, шен цIом хи чу а Iуттий, коьрта тIе сацкъар а буьллура цо, тIаккха хи а тухура.
Африкехула эрна лела шена кIордийча, шен цIоьмаца эшарш лоькхура цо, ткъа цуьнан цIом цIестан бIе турбанал зевне дара.
Ша йуьхьара лаьцна некъ хийцира цо ерстина Бегемот лахархьама (ур-атталла Пийлан кIорнин гергара а яцара иза), цунна дикка хIума а тоьхна, Ши бос болчу Питона, Тархан Саьрмико, шен мерах лаьцна аьлларг бакъ дуй хьажа ойла а хилла.
Бегемотана етта а йиттина, хьалхарчу новкъахула дIаяхара Пийлан кIорни, Лимпопо-хи тIе йоьдуш, ша хьалха охьакхиссина пастанан чкъоьргаш схьа а лехьош, хIунда аьлча иза цIена лелаш йолу стомма неI* долу акхаро яра.


4 .
Арахь Iаржъеллера, цхьана хазачу суьйранна иза шен хьоме гергарниш болчу цIа кхаьчча. Шен цIом, чIуг йина дIа а хьарчийна, цо элира:
– Суьйре дика хуьлда шун! Муха Iаш ду шу?
Иза гина чIогIа самукъа а даьлла, цара элира:
– ХIа-а, схьайоьл цкъа, схьайоьл кхуза, оха хIума тухур ю хьуна тIех дукха хаттарш ахь дарна!
– ЭхI, ма дан а ду шу! – элира Пийлан кIорнино. – Шуна мичара хаьа хIума тоха! Суна хаьа цунах дерг гIеххьачул. Гайтий шуна?
Цо шен цIом схьадаржийра, цу сохьта цуьнан хьоме ши ваша, Iункар-бертал а ветталуш, дIавахара цунна юххера.
– Бананах дуй боу оха! – мохь хьаькхира цара. – Хьуна дика лата ма Iемина! Ткъа оцу хьан мерана хIун хилла?
– ХIара сан керла мара бу. Тийначу а, боьхачу а, вон хьожа йогIучу а Лимпопо-хи чохь йолчу Крокодило белла суна хIара, – элира Пийлан кIорнино. – Сан къамел хиллера цуьнца, цо хIун йоу хьажа яханчохь. ТIаккха цо хIара керла мара белира суна.
– ЧIогIа ирча мара бу! – элира чо болчу девашас Павиана.
– ХIаъ, иштта ду иза, – элира Пийлан кIорнино, – делахь а, чIогIа пайден мара бу хIара!
Чо болу деваша Павиан, катоьхна кога тIера схьа а лаьцна, ластийна, ластийна, зIуганан* бен чу кхоьссира цо.
ОьгIазъяхана, чураяьллачу Пийлан кIорнино, цхьаннах а къинхетам ца беш, массо а шен хьомечу гергарчарна йиттира.
ТIера цIока яккхал чIогIа йиттира цо царна. Уьш чIогIа цецбевлла хьоьжура цуьнга.
Шен лекхачу децин Страусан цIогана тIера ерриге аьлла месаш схьаехира цо; шен беха когаш болу деваша Жираф, тIехьара ког а лаьцна, кIохцалийн коьллаш тIехула дIатакхийра цо. ЧIогIа мохь а хьаькхна, хIума йиинчул тIаьхьа дIайижина йолу шен ерстина деца Бегемот сама а яьккхина, цуьнан лерга чу лоппаргаш эхийтира цо.
Амма цхьаьнгга а Колоколо-олхазарна халахетар ца дойтура цо.
Эххар а кхуьнан гергарниш – цхьаберш хьалха, вуьш тIаьхьа – и санна мара шайна беха Крокодил йолчу бахара тийначу а, боьхачу а, вон хьожа йогIучу а Лимпопо-хи тIе. Массарна а хорша йоуьйту лазар тухуш долчу дитташа го лаьцна дара и хи.
Юхайирзинчу акхаройх цхьа а кхечунна хIума тоха гIерташ яцара. Сан жима доттагIа, цкъа мацца а хьуна гун йолчу а, цкъа а хьуна гун йоцчу а – массо а Пийлан, дерриге а хаа лууш хиллачу оцу Пийлан кIорнин санна, цIом ду хIетахь дуьйна.




Вниманию читателей всех национальностей и конфессий, к своему стыду ещё не освоивших чеченский язык, представляются красочные иллюстрации к сказке:


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок


Слоненок



© Автор Редьярд Киплинг
© Гочдинарг Арсанукаев Муса
© Художник Владимир Сутеев
оценка:
 (голосов: 3)
просмотров: 1168
мнений: 13
закладка:
1ч1епалг (26 июля 2007 11:11)
=)))))))) рисунки отменные, Бибулат- молоток.


_________________
+
2sofia (26 июля 2007 15:54)
Бибулат --cha kotr bukx ho)))))))


_________________
+
3del_cicig (26 июля 2007 20:05)
а почему нет перевода на ингушский язык

и что это за аватар такой

все я отказываюсь вносить разнообразие на ваш сайт пока вы не вернете мне мой аватар
+
4ч1епалг (26 июля 2007 20:15)
del_cicig,

а мне нравиться ))


_________________
+
5borz (26 июля 2007 20:20)
а кто изображён на картинке, где слону в морду бьют? х1у ю аз, маймал ду я лом ду?))
+
6ч1епалг (26 июля 2007 20:24)
ломообразный маймал дукх) обизяна, борз.


_________________
+
7Ваха® (26 июля 2007 20:55)
Цитата: del_cicig
а почему нет перевода на ингушский язык

ингушский будет в тот славный день, когда кто-либо переведет на ингушский или отсканирует что-либо ценное на ингушском или, на худой конец, отcopypasteтит что-либо ингушское.

эта публикация будет без очереди пропущена в ленту.



Цитата: del_cicig
все я отказываюсь

нам всем крайне жаль.
+
8grozny (26 июля 2007 21:05)
))))
"дел цициг"ан аватар ма ч1ог1ниг х1оттин аш)))
+
9cyberBORZ (26 июля 2007 22:27)
отлично... smile


_________________
+
10Schutzengel (27 июля 2007 01:35)
molodec)


_________________
+
11Hoxcho (5 августа 2007 04:59)
Мда, вот что значит - не суй свой нос куда не следует fellow


_________________
+
12anusha (14 января 2008 15:26)
love
+
13rakabuba (14 января 2008 15:52)
Мне понравилась сказка на Чеченском,я помню мультфильм на эту тему.5+
+
Информация
Посетители, находящиеся в группе Незарегистрированные, не могут оставлять комментарии в данной новости.
Лучшие публикации
Эти вайнахи нуждаются в поддержке. «Фонд Тептара» помогает вам помогать.
Бóльшая часть материала в Нахском журнале эксклюзивна — была впервые опубликована именно на этом сайте. Во всех остальных случаях мы указываем источник в виде гиперссылки и просим всех делать так же по отношению к нашим публикациям:

При копировании материала гиперссылка на Тептар обязательна.
Тептар © 2006—2009 Нахский журнал «Тептар»
О Тептаре · Приёмная