Нахский
журнал

Тептар
Нахская раскладка обновлена до версии 2.0.
Логин  
Пароль  
 

Ас вуьйр ву иза…

26 июля 2007
1.

Цхьана довхачу дийнахь, гIалин уггар езчу меттехь, езчу хIусамна уллохь четар а тоьхна, гулбелла шайн гIуллакх дийцаре деш бу, гIалахь дехачу тайпанан тхьамданаш а, лераме нах а, хьалхара нах а. Ялх шо хан ю царна юкъара цхьана стага церан дин а, церан Iадаташ а, церан низам а сийсаз ден. ЯлхолгIа шо ду цо церан дин харц ден, шега мел дукха дехарш дарх Iадда ца Iаш. Цхьаболчарна-м дин харцдарца гIуллакх доьрзур делхьара хIумма а ца хетара, ткъа оцу стага дуьйцучуьнан тIаьхьло йоккха ю. Цуьнан хIинцале а ву шовзткъа сов гIоьнча, иза бакъвина накъост. Ткъа иза иштта Iадда витахь, гIуллакх гена дер ду, цхьаьнакхеттачийн керара куьйгалла а девр ду, церан даьхнашна дикка хаа а луш зен а хир ду. Доцца аьлча, хIинца берш хир бац-кх уьш. Цундела, оцу стагана дан дезарг дийцаре дан гулбелла уьш. Цунна деззачул ахча а, даьхни а, нахана юкъахь тоьлларг цIе а – и массо хIума кховдийнера цара цунна, иза IадIийриг. Амма иза юха ца волу шечунна тIера. Дика а аьлла, вон а дийцина, хьастийна Iехо а хьевсина, девнаца кхеро а гIиртина – гIуллакх хилац. ХIун дийр дара цунна?

ЦIеххьана цхьамма, хIокхерах хIоранне а дагчохь а долуш, амма доьххьара хьаала цхьа а ца хIуттуш дерг схьаолу: «Вен веза иза». Иза схьаала уьш ца хIиттаран шен бахьанаш ду. Уьш вен гIерташ болу стаг тIевеъна стаг вац, къомах воцу стаг а вац, тIехIитта нах боцу стаг а вац. ХIокхеран уггар лерамечу тайпанах стаг ву, цу юкъара лерамечу некъах а ву. Иза вен веза аларх дIадер долуш дац гIуллакх. Цуьнан гергарчара – уьш цуьнан керла динахь бацахь а – шайн сий ца дожийта чIир йоькъур ю. Цундела ца хIутту цхьа а и гIуллакх шена тIелаца.

ТIаьххьара а - «вен-м везара иза, ткъа хьан вуьйр ву иза?» - аьлла баккхийчара хаттар хIоттийча, цаьрга ладоьгIуш Iачу цхьана жимчу стага – «Ас вуьйр ву иза, со ву-кх оцу балхана» - олий шена тIелоцу и гIуллакх. Цо иза аларх цхьа а цец ца волу.

Вен везачуьнан гергарчийн мостагIалла шена тIедогIур хиларх цо кIеззиг ойла йина хилла хила а мега, хIунда аьлча майраллийца гIараваьллачу къонахчо кхераман ойла кIеззиг йо. Ткъа хIара оцу куьцаца вевзаш ву массарна.

Лекха, онда зоьртала дегI а долуш, цIе бос бетталуш кIайн хаза юьхь а йолуш, даккхий мекхаш а долуш, доккха ши куьг а, онда ши ког а болуш, ткъе ворхI шо кхаьчна жима стаг ву иза. Волавелча болар сиха ду цуьнан, къамел деш аз а лекха ду цуьнан, леташ хилча тохар лазаме а ду цуьнан. Жима волуш дас уьстагIий дажо эрна ара дIа а хоьций, мацалла а, йовхо а ловш, дан ма-дезза дас бохург дича кхин а тIе цо хало еш, цунна ма-дезза кхуьнга дан ца делча етташ хьийза а веш, ерриг жималла хало а, бераца ца богIу къинхьегам а бен ца гуш дIаяхана кхуьнан. Жималлин дахаран шогалло ша-тайпа асар дитина кхуьнан дегIана а, кхетамна а, ойланашна а тIехь. Иштта, кхолларан а, кхиаман а куьцош шеца долуш волчу хIокхо и болх шена тIелаьцча цец а ца велира цхьа а.

– «Ас дийр ду иза» - керлабаьккхи хIокхо шен лаам.

– «Дика ду делахь, хьо ву цу балхана кийча, реза ду тхо» - жоп ло гулбеллачара.

Хан делкъал тIаьхьенга таьIна йоьдуш йолуш, йовхонна датталучу дийнахь, шен тур баттара а доккхий, хIокху гIалахь хIокхаьрга бала хIоттийнарг лаха араволу хIара. Кхунна хеза, и стаг а, цуьнца цуьнан масех накъост а гIалин цхьана кIоштахь, шайна юкъара цхьаьннан хIусамехь цхьанакхетта хилар. Шен Iалашо чекхйаккха сацам а бина, керахь даьккхина тур а долуш цу хIусаме боьду некъ лоцу хIокхо. Новкъахь кхунна доьхьалкхета цхьа стаг.

– «Ахь хIун до Iумар, хьо гена воьдий?» - хаттар до цо.

– «И керла дин дахьаш веънарг лоьхуш ву со, хIокху шахьаран коьрта тайпанна юкъахь бекъам а болийна, цуьнан лаамаш сийсаз а бина, цуьнан дин харц а дина, цуьнан деланашна луьйш волу» - жоп ло хIокхо.

– «ХIун до ахь цунах? Хьан къамел оьгIазе ма хета суна…».

– «Вен валла со иза».

– «Вон гIуллакх эцна воьду хьо, хIай Iумар! Хьайн сино Iехийна хьо. Iадий-некъе хIаллакдайта воллу хьо. Цуьнан некъера кегийчу-наха хьой лаьтта тIехь лоьлуьйтур ву моьтту хьуна, айхьа иза вийча?».

Волу-волууш гена волу и шиъ. Аьзнаш айло, оьгIазло марса йолу.

– «Суна схьахетарехь цуьнан дине ваьлла моьтту суна хьо а?! Иза иштта делахь, хьуна тIера дIаволалур ву-кх хьуна со, сайн Iалашо чекхйаккха».

ХIокхуьнан довхочо, гIуллакх мичхьа доьрзуш ду кхета а кхетий – «сол хьалха хьан хьайнаш а бу хьуна» - олу.

– «Муьлш бу бах ахь сайнаш? ХIун хилла бу бах ахь сайнаш?».

– «Хьайнаш а бу-кх цуьнан дине бевлла, хьо а, хьан тиларш а шаьш долччу Iадда а дитина».

– «Схьадийце вала, муьлш буьйцу ахь?».

– «Дера вуьйцу хьан девешин кIант а, хьан нуц а, хьан йиша а!»


2.

ХIокхунна дага а догIур дацара шениш а керла дине бевлла аьлча. ОьгIазлонах кхехкаш вара хIара. Йиша а, нуц а, шича а… Шайн дайша лелориг Iадда а дитина, массо наха шайна лолла деш болу деланаш харц а бина, цхьа дела бен ван а вац аьлла, массо хIума тIекIалдаккха гIерта…

ХIокхунна-м церан хабар хуийла а яцара, хIунда аьлча хIара массарна а вевзаш гIара ваьлла вара и саннаш хьийзорца а, царна тIехь къизалла латторца а. Цхьана дийнахь хIоккхо, шен ший а куьг кIадделла саццалц шад йиттинера церан ойланаш тIелаьцначу цхьана лайна, эцца Абу Бакарна ган а гина, цо кхуьнгара иза схьа ца эцнехь, цунах кхи дIа хIун хир дара а ца хаьа. Ткъа хIара иштта вуй хууш болу гергарнаш мича баьхьар бара шайн гIуллакх кхунна довзийта.

Иштта, шега дáн кхин вон ца диссича санна, кхехкаш ойланаш а йолуш, кхечира хIара шен йишин неIартIе. Ткъа кхунна ца хаьара цу чохь шех хиндерг.


3.

Жимчу цIа чохь, шайна тIе Iумар вогIур хилар дагахь а доцуш, «ТIохIа» сурат доьшуш Iара хIусамда а, цуьнан хьаша а, хIусамнана – Iумаран йиша а. ЦIеххьана неIарх хIума туьйхира цхьамма.

– «Мила ву?» - аьлла хIокхара хаттар дича - «Со ву» - аьлла Iумаран аз хеза царна. Сихонца дIалачкъа хьаьжира чурачерах цхьаъ, делахь а царна дицделира шаьш доьшуш хилла кехат къайладаккха. НеIарх хIара чоьхьаваьлча, кхуьнан юьхь ма-гиннехь хиира йишина хIара диканна веана воций. Кхуьнан тидам тIе а ца бохуьйтуш – шен дагахь – меллаша и кехат хьулдан гIоьртира йиша.

– «И хIун гIам-гIим дара суна хIокху чура схьа хезаш хилларг?» - хаттар до Iумара, хьал-де хаттар бохург хьеха а ца деш.

– «Оха деш хилла къамел хезна хилла хир ду хьуна» - олу цуьнан йишас а, невцо а.

– «Шуьшиъ оцу керла дине даьлла аьлла ма хезна суна?! Бакъ дуй иза?».

– «Iумар, бакъо хьан динехь а йоцуш кхечу динехь хила мегий-те» - аьлла вала ца ларош, цуьнца хаза вистхила дагадеана нуц, тIекхеттачу Iумара маж тIера а лоций дIасаластаво. Ши стаг чучча воьду. Шен нуьцкъала хиларца Iумара тоьхна охьавуьллу шен нуц СаIид. ТIаккха цуьнан накхана тIе а хиъна, кхидIа а иза цунна етта воллуш гича, Iан а ца елла цуьнан йиша шен майрачунна тIера иза дIаваккха гIоьрта.

Iумара ластийна тIара туьхира цунна. Йишин юьхьах цIий охьахьаьдира. ОьгIаз яхана, мохь туххуш эли цо тIаккха шен вешига:

– «ХIай Делан мостагI! Ас Дела цхьаъ во аьлла туьйхи ахь суна?».

– «ХIаъ, туьйхи!».

– «Делахь хьой дан гIерташ верг дан мегар ду хьуна! Ас тешалла до АллахI воцург кхин дела а вац, Мухьаммад АллахIан элча а ву аьлла! Хьуна лаахь а ца лаахь а бусалба ду-кх тхо!».

Шен йишас и олуш хезча, дохковели Iумар ша динчунна. Шен невцан накхана тIера хьала а гIаьттина, юьстах охьахии иза.

– «Схьалол соьга шаьш доьшуш хилла и кехат, цу тIехь хIун ду хьажа валла со» - олу цо.

– «Лур дац ас» - аьлла доьхьал йолу йиша.

– «Ахь аьлларг дагах кхетта суна, схьало соьга и кехат, хьажийта со цу тIехь дерг хIун ду. Ас чIагIо йо хьуна ас иза ша ма-дарра хьоьга юха дIалур хилар».

– «Хьо хьайн ширкаца боьха ву, ткъа [иза кера лоцур дац цIена болчара бен ], цундела хьайна иза деша лаахь йа ваха а гIой лийча, йа ламаз эца» - аьлла юха а ца ло йишо цуьнга Къуръанан айаташ.

Iумар церан хIусамера ара а волий, шен йишас шега аьлларг а дой, юхавогIу. Иза схьавеъча, йишо цуьнга дIакховдадо кехат, тIехь яздина «ТIóхIá» сурат а, кхи цхьа сурат а долуш.

Меллаша, кехат схьа а эцна, цу тIехь дерг деша волавелира иза.

«АллахIан цIарца, къинхетаме а, къинхетам беш а волчу!».

АллахI боху Делан цIе-м евзаш йара цунна, ткъа «къинхетаме а, къинхетам беш а верг» гича кхеравелира иза, карара кехат охьадуьйжира цуьнан. Делахь а, юха ша метта а валийна, кехат схьа а эцна, дIадийшира цо: [ТIóхIá. Оха хьуна тIе Къуръан ца доссийна хьо сингаттамца кIадван. (Оха иза ца доссийна) кхоьруш волчунна хьехам хилийта бен. Иза доссийна латта а, лакха стигланаш а кхоьллина волчуьнгара. Къинхетаме верг (ву Иза) – Iарш тIехула лакхаваьлла Иза. Цуьнан ду стигланашкахь дерг а, лаьттахь дерг а, цаьршинна юккъахь дерг а, лаьтта бухахь дерг а. Ткъа ахь хьайн дош чIогIа алахь а – бакъдолуш Цунна девза къайлах (къамел) дерг а, цул чIогIа хьулделла (дагчохь) дерг а. АллахI – Иза воцург кхин дела вац; хаза цIерш а ю Цуьнан ].

Дазделира и дешнаш Iумаран дагчохь, даккхий дешнаш хийтира цунна уьш. Ша цецвалар гучу а доккхуш, хаьттира цо, ша-шега хоттуш санна: «ХIокхунах уьдуш бу Къурайш-тайпанан нах?»

КхидIа а деша волавелира иза. ТIаккха ша хIара айаташ дешча - [Бакъдолуш Со АллахI ву, Со воцург кхин дела вац, ткъа ахь Суна Iибадат де, Со хьехош ламаз а де. Бакъдолуш (къемат дийнан) сахьт – Ас шен хан къайлаяьккхина долу – догIур долуш ду, хIора синна а ша лелочунна бекхам балийта. Ткъа хьой цунах (тешарх) вуха ма тохуьйтийла-кх ахь, цунах ца тешачуьнга, шен лаамана тIаьхьаваханчуьнга, (ткъа ахь и дахь) и бахьана долуш хIаллакьхир ву хьо ] - цо элира: «ХIара дешнаш олуш волчуьнца цхьаьна цхьанна а кхечунна Iибадат дар догIуш дац, схьагайта суна Мухьаммад!»


4.

АллохIу акбар! АллохIу акбар! АллохIу акбар!

Ма ца моьттара цунна ша иштта хийцалур ву. Ма кхин ойланаш йара цуьнан коьрте хьийзаш иза тахана делкъа хан хилале Къурайшин-тайпанан гуламе воьдуш а, цигахь шена цхьа гIуллакх тIе а лаьцна иза араволуш а, шен йишин хабар хезча дукха оьгIазвахарна массо хIума а дицделла иза цуьнан неIаре воьдуш а. Делахь а, дегнаш АллахIан куьйгахь ду, Цо шена луъучу агIор керчадо уьш. АллахIа, оцу кIеззигчу хенахь Iумаран кхетам а, ойла а хийцаран кхин цхьа бахьана а дара. Иза Пайхамара – Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна – дина хилла хIара доIа дара: «Йа АллахI! Ислам-дин нуьцкъала дехьа хIокху шина стагах Хьайна дукха везаш волчуьнца: ХIишаман кIантаца Абу ДжахIлаца, йа ХаттIабан кIантаца Iумарца!». Пайхамаран – Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна – и доIа кхочуш хилийта, АллахIа валийра иза цу дийнахь цунна тIе.


5.

Iумара ша Мухьаммадна – Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна – тIевига олуш хезча, оцу цIа чохь лечкъина хилла волчу Хаббáба – Дела реза хуьлда цунна – ара а волий, Iумаре олу:

– «Кхаъ бу хьоьга хIай Iумар!».

– «ХIун кхаъ бу? ХIун хилла?».

– «Делан Элчано – Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна – динчу доIийна жоп луш хьо хаьржина хиларга догдоху ас».

– «ХIун доIа дина цо?»

– «Цо дехна АллахIе: «Йа АллахI! Ислам-дин нуьцкъала дехьа хIокху шина стагах Хьайна дукха везаш волчуьнца: ХIишаман кIантаца Абу ДжахIлаца, йа ХаттIабан кIантаца Iумарца!».

ТIакхха, кхин тоха са доцуш санна, сихонца олу Iумара:

– «Гайтийша суна Делан Элча!»

Цуьнана лаам а, ниййат а баккъалла а бакъдуй хиъча, цара дуьйцу цунна, Пайхамар а – Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна – цуьнан асхьабаш а гулбелла цIа хьенаниг ду.

Iумар, катухий шен тур схьа а оьций, иза юкъах а доьхкий, араволу.

Шена безарш чохь болчу хIусаме ша дIаькхаьчча, неI туху цо. Ткъа цуьнан аз хезча, чохь берш озало, цхьа а ца хIутту доьхьал жоп дала. Царна ца хаьа иза хIунда веана, муха веана. Нисса кхо де хьалха бусалба дине веъна, Iумар санна майраллийца а, доьналлийца а вевзаш волу стаг хуьлу хIокхарна юкъахь. Иза Делан лом Хьамзат ву – Дела реза хуьлда цунна.

Берриг кхерабелла гича, цо олу: «ХIун до аш, хIун хилла шуна?».

– «ХаттIабан кIант Iумар ву иза» - жоп ло вукхара.

– «ХаттIабан кIант Iумар! ДIаелла цунна неI! Нагахь санна АллахIана цунах дика хилийта лаахь бусалба дин тIелоцур цо, нагахь санна Цунна лиънарг кхиниг делахь вай иза хало йоцуш вуьйр ву» - олий, неI дIа а йоьллуьйтий, цхьа пхьарс ша дIа а лоций, важа кхечуьнга а лоцуьйтий, чувалаво Iумар Хьамзата. Иштта уьш Пайхамар – Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна – волчу чоьхьабевлча – «ДIахеца иза» - олий паргIатвоккхуьйту иза цо. Ша Iачура хьала а гIоттий, цунна тIе воьдий, цуьнан гIода юкъахь дихкина доьхка схьа а лоцуш, чIоггIа ласта а веш олу цо Iумаре:

– «ХIай ХаттIабан кIант! Стен валийна хьо кхуза? АллахIаца дуй ма буу ас, АллахIа хьуна тIе тохар доссорца дерза мегаш ду хьуна хьан хьал!».

– «ХIай АллахIан элча! Со хьо волчу веъна, АллахIах а, Цуьнан Элчанах а, ахь АллахIера деанчух а тешаш!».

– «АллóхIу акбар!» - олий такбир до Делан Элчано – Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна.

Иштта хаьа оцу цIа чохь хиллачу бусалба нахана, Iумар – Дела реза хуьлда цунна – бусалба дине веъний.
оценка:
 (голосов: 5)
просмотров: 665
мнений: 8
закладка:
1Sayd-Emin (26 июля 2007 23:44)
Дала т1аьхье беркате йе х1ара болх бинчу Qaiman, вайн нена маттахь иштта хаза язйина х1ума аса ешанза дукха хан яра. 5 + + +
+
2Doshgovza (27 июля 2007 00:36)
Аллаhу акбар! Аллаhу акбар! Аллаhу акбар!

Qaim

Субхьана-Ллаh, мел хаза а, исбаьхьа а язйина ахь иза!

Дала диканца бекхам бойла-кх хьуна!


_________________
+
3Qaim (27 июля 2007 05:37)
Sayd-Emin,

Doshgovza,


Хазахета шуна хазахеташ.

Дела реза хуьлда шуьшинна!


_________________
+
4Doshgovza (27 июля 2007 05:46)
Цитата: Qaim
Дела реза хуьлда шуьшинна!


Дела реза вайна массарна хуьлда!


_________________
+
5Нуц (30 июля 2007 03:16)
Аллах1у акбар ! Аллах1у акбар !! Аллах1у акбар !!!!! wink wink
Тхан лераме ваша Qaim,ма хаза хетар ди ахьа суна !!)). Ма безамехь г1улкх ду х1ара !!

Оьрси маттахь моссаз дешна и,ткъа оццала асар йина ма яц цо суна .
Хьай дег1 дика хуьлд хьан ! Оца Аллах1а диканца бекхам бойла хьуна !
Аллах1у акбар ва Лиллах1ил хьамд !!!


_________________
+
6Qaim (30 июля 2007 07:24)
Нуц,

Дала диканца бекхам бойла хьуна а, Sayd-Eminна а, Doshgovzaйна а.

Дела реза а хуьлда хьуна хаза дешнаш аларна!

Аш х1орамма а сан кхачамбацарш билгалдаьхча пайда хир бара суна а, шуна а :)


_________________
+
7Timurr (1 августа 2007 13:02)
Цу белха кхачамбацарш леха бохуш нах г1опал а цабеш, Сан ваша! иза болх кхин а д1абахьа беза ахьа, Абубакарха лаьцна а хира ду хьан шортта дийца. ДАла аьтту бойла!!!


_________________
+2
8teptarist (29 мая 2008 01:44)
Суна а лаьа Qaim'на доккха баркалла ала (и Дела реза хуьлда хьуна!). 1аламат дика яздина дийцар ду!

(Timurr'ac бохучуьнга ладоьг1ний-те Qaim'а?)
+2
Информация
Посетители, находящиеся в группе Незарегистрированные, не могут оставлять комментарии в данной новости.
Лучшие публикации
Эти вайнахи нуждаются в поддержке. «Фонд Тептара» помогает вам помогать.
Бóльшая часть материала в Нахском журнале эксклюзивна — была впервые опубликована именно на этом сайте. Во всех остальных случаях мы указываем источник в виде гиперссылки и просим всех делать так же по отношению к нашим публикациям:

При копировании материала гиперссылка на Тептар обязательна.
Тептар © 2006—2009 Нахский журнал «Тептар»
О Тептаре · Приёмная