Нахский
журнал

Тептар
Нахская раскладка обновлена до версии 2.0.
Логин  
Пароль  
 

ШайтIанца къамел...

28 июня 2007
Iуьйра ламазан азан хезча, ламаз дан маьждиге ваха со хьалаайлуш а волуш…


Цо соьга элира: ХIокху ехачу буьйсанна дIа ца вуьжуш Iийна хьо, дIавижа хIинца.
Ас элира: Парзана сой тIаьхьависарх кхоьру со.

Цо элира: ХиIнца а дуккха а, ехха хан ю хьуна.
Ас элира: ЖамаIатана тIаьхьависарх кхоьру со.

Цо элира: Дукха хало ма йе хьайн дег Iана , Iибадат деш .

Со хьала ца гIаьттира малх хьалабаллалц...

Лере а таьIна, шабар-шибар деш…
Цо элира: ДIадаханчу ламазана дохко ма вийла, хIара де деха ду хьуна.

Iуьйренан зикр дан со охьахиъча , ойланийн тептар схьадиллира цо суна .

Ас элира: ДоIа ца дойту ахь соьга .
Цо элира: Суьранна дийр ду ахь, дитахь.

Тоба дан кечвелира со.

Цо элира: Хьайн жималлех пайда иэца, тоба дича оьцур бац ахь иза.
Ас элира: Валарх кхоьру со.
Цо элира: Хьан дахар хьалха ду хIинца а.

Къуръан Iамо охьахиира со.

Цо элира: Цхьажимма эшаршца самукъадаккха хьайна.
Ас элира: Хьарам ю уьш.
Цо элира: Цхьаболчара магийна хьуна.
Ас элира: Хьарам йеш долу хьадисаш ма ду сан жайнахь!
Цо элира: Уьш массо заьIап ду.

Хаза йоI яра тIехйолуш. Ас сайн бIаьрса цуьнга хьежарх духатуьйхира.

Цо элира: Хьаьжча хIун ду?
Ас элира: Кхерам бу.
Цо элира: Хазаллийна тIехь ойла йе тIаккха, ойла яр хьанал ма ду.

Хьаьжин цIентIе ваха велира со. Новкъахь суна доьхьал а даьлла…

Цо элира: ХIун бахьана ду хьо новкъа валаран?
Ас элира: Iумрат дан воллу со.
Цо элира: Iумрат дархьама халонаш а, кхерамаш а лан валла-кх хьо, и доцург а дуккха кхин диканаш доллушехь.
Ас элира: Хьолаш туо ца дича ца довлу, халонаш ловш.
Цо элира: Iамалца ялсамане гIур вац.

Хьехам бан вахара со. Дуьхьал а даьлла…

Цо элира: ЮьхьIаьржа хIуттур ву хьо, наха цхьаъ эр ду хьоьга.
Ас элира: Нахана пайда хуьлу хьехар дича.
Цо элира: Нахана юкъахь хьой гIаравалар деза мега хьуна, ткъа иза бохаман корта бу.

Ас элира: Цхьана нахах лаьцна хIун эр дара ахь?
Цо элира: Массарах а лаьцна жоп лур ду-кх ас хьуна.

Ас элира: Имам ШафиIий?
Цо элира: Сан мостагIий алсам баьхна цо, Iилма дукха даржийна цо.

Ас элира: Ахьмад бин Хьанбал?
Цо элира: Шен хIокху дешнашца дийра цо со: "Суннатна а, доссийна долчу Къуръанна а тIаьхьа даза, хIай бусалба нах".

Ас элира: Iиззуддин ибн Iабдуссалам?
Цо элира: Ас сайна муьтIахь бан гIерточу паччахьашца дов дара цуьнан.

Ас элира: Ибн Таймиййа?
Цо элира: ХIора дийнахь тIедетталуш ду суна цуьнан тохарш.

Ас элира: Бухари?
Цо элира: Шен жайнийца сан хIусам йохийна цо.

Ас элира: Хьаджжаж?
Цо элира: Да виса, нахана юкъахь эзар Хьаджжаж велара. Цуьнан дахарца хазахетар ду тхан, цуьнан некъаца дарба а хуьлу тхуна.

Ас элира: ФирIавн?
Цо элира: Тхоьгара дерриге гIо а, накъосталла а ду цунна.

Ас элира: Салахьуддин? ХьиттIийн-тIеман турпалхочух хIун эр ду ахь?
Цо элира: Вита иза Iадда, лаьттахь хьийшира цо тхо.

Ас элира: Абу ДжахIл?
Цо элира: Ду тхо цуьнан вежрий, ду тхо цунна охIлу.

Ас элира: Абу ЛахIаб?
Цо элира: Даим цуьнца ду тхо, кхеташ йоцуш наб.

Ас элира: Ленин?
Цо элира: Вихкира оха и шиъ цхьаьне дIа: Ленин-Сталин.

Ас элира: Боьха кинош?
Цо элира: Ду уьш тхан синош.

Ас элира: Боьха теле-каналаш?
Цо элира: Тхан лайш бу, боьхаллийна Iемаш.

Ас элира: Дискотекаш, клубаш?
Цо элира: Дика тIелоцу оха тхаьш долчу богIу тхайн лайш.

Ас элира: Шун зикр хIун ду?
Цо элира: Уггар дика эшарш ю.

Ас элира: Шун Iамалш хIун ю?
Цо элира: Iамал йоцу лаамаш бу.

Ас элира: Базарех лаьцна хIун эр дара ахь?
Цо элира: Дика евза тхуна уьш, цхьаьна кхета тхо даим цигахь.

Ас элира: Адамаш тила муха до ахь?
Цо элира: Шеконашца, дегIан марзонашца, синкъерамашца, вочу лаамашца... кхин хоттий ахь?

Ас элира: Зударий тила муха бо ахь?
Цо элира: Шайна тIехь дерг кхочуш ца деш, мегаш доцург лелош, бастабелла уьш арабовлахь, ас уьш тилийна ларахьа.

Ас элира: Молланаш тила муха бо ахь?
Цо элира: Нахана бовза царна лаахь, шаьш шайх баккхийбеш уьш белахь, дуьненах дин доьхкина лелаш уьш белахь, церан дегнаш хьогIах дуьзна делахь, ас уьш тилийна ларахьа.

Ас элира: Кхиболу нах тила муха бо ахь?
Цо элира: ГIийбат деш, эладита лелош, вон къамелаш деш, пайда мел боцург дуьйцуш уьш лелаш белахь, ас уьш тилийна ларалахь.

Ас элира: Махлелорхой тила муха бо ахь?
Цо элира: Риба лелорца, сагIа ца луш, даьхница исраф деш уьш белахь, ас уьш тилийна ларалахь.

Ас элира: Кегий-нах тила муха бо ахь?
Цо элира: Пайда боцуш уьш лелаш белахь, шайна тIера динан декхарш атта хеташ уьш белахь, хьарам долчунна тIегIерташ уьш белахь, тхан эскар юкъара уьш а ларахьа.

Ас элира: Жуьгтийн пачхьалкхах лаьцна хIун эр дара ахь?
Цо элира: Верлахь гIийбат ма делахь, гIийбат дар бала бу хьуна! Иза дера ю тхан хьоме пачхьалкх, тхан дагна уллера чалх.

Ас элира: Пачхьалкхах дин къастош болчерах лаьцна хIун хета хьуна?
Цо элира: Тхан тешар дин массо хIумнах къасто дезар ду, уьш безачунна со а безаме ду, и муха хета тIаккха хьуна?!

Ас элира: Хьехам беш болчу нахах лаьцна хIун олу ахь?
Цо элира: Iазап дина цара суна, кIад дина цара со, сийсаз дина цара со, къеж дина цара со, ас хьалайина гIишло хIорозза йохайо цара, ас эшарш лекхча Къуръан доьшу цара, со шайна тIедеъча Делаца сох ларлуш гIо лоьху цара.

Ас элира: Хьо дуьйр дерг хIун ду?
Цо элира: Аятул-Курсий ду. Иза хезча садукъло сан, лазар сихло сан, бала чагIло сан.

Ас элира: Хьуна уггар дукха беза нах муьлш бу?
Цо элира: Эшарш лоькхурш, лар тIера бевлла поэташ, Iесаллин дай, питанан дай, боьхаллийна тIебирзинарш - уьш бу сан лайш.

Ас элира: Хьуна уггар ца беза нах муьлш бу?
Цо элира: Маьждигца безам дукха берш, рукуI-сужуд деш берш, дуьненах къаьстина, Iибадат деш берш, Делан некъахь гIазот мел деш берш.

ТIаьххьара а ас элира: АллахIаца ларло со хьох.

Со иза аьлла валарца, тIепаза, гучара дайра иза...
оценка:
 (голосов: 8)
просмотров: 924
мнений: 11
закладка:
1Малха Аьзни (28 июня 2007 08:10)
Автор это перевел? На русском кажется что-то похожее было...

Дела реза хуьлда хьуна, Дала меле яздойла, Qaim, х1ара дийцар вайн гойтина.
+1
2borz (28 июня 2007 13:45)
V hadise chital nechto podobnoe, no potom uznal, chto hadis etot nedostoveren kajis'.

A tak v svoeobraznom formate daavat poluchilsya, barkaLla, Qaim.
+
3grozny (28 июня 2007 16:07)
Qaim ho Olhazara-m vac?
+
4Qaim (29 июня 2007 16:10)
Баркалла, Дела реза хуьлда шуна а!

Grozny, жоп ца делча х1умма а дуй?


_________________
+
5Нуц (29 июня 2007 23:50)
Нохчи маттахь кху кепара хаза а,говза а язбина хьехам байна бац суна м.Хьекъале кечбина а бу.Дала диканца бекхам бойла хьуна,Къаим.


...
Жайна докхш:"Кхунах г1улкх цахилахь,кхи а.."- аьл цхьа Къаим войз суна))


_________________
+
6grozny (30 июня 2007 17:42)
Цитата: Qaim
Grozny, жоп ца делча х1умма а дуй?

дер дац сан ваша)

ларамца
+
7НОХЧО (15 июля 2007 01:29)
Qaim
Аллаh реза хуьлда хьун сан ваш, иншаАЛлаh вай массара цунах пайда оьцур бу!
+
8ч1епалг (15 июля 2007 20:45)
ничего себе как здорово. Дел рез хилла.


_________________
+
9Qaim (16 июля 2007 03:58)
Нуц, Дала ларвойла вайшиъ вочух ))


НОХЧО,
ч1епалг,

Дела реза хуьлда шуьшинна а!


_________________
+
10Нуц (16 июля 2007 04:32)
"Нуц, Дала ларвойла вайшиъ вочух"

Амин ! Массо а вайшини вежари,йижари а ларбойла Цо !!!

Къаим,хан йоьдуш ю,хьо кхи керла х1ум яла дагахь вац,тхуна ? Дикка сутар ма вина ахьа,со м ))


_________________
+
11Qaim (16 июля 2007 06:13)
Нуц,

Дикчунна тIехь сутар хиларан хаза гIиллакх дерш кIеззиг бу хьуна, цундела хьо цу кIеззигчех цхьаъ волчух тера ду )


_________________
+
Информация
Посетители, находящиеся в группе Незарегистрированные, не могут оставлять комментарии в данной новости.
Лучшие публикации
Эти вайнахи нуждаются в поддержке. «Фонд Тептара» помогает вам помогать.
Бóльшая часть материала в Нахском журнале эксклюзивна — была впервые опубликована именно на этом сайте. Во всех остальных случаях мы указываем источник в виде гиперссылки и просим всех делать так же по отношению к нашим публикациям:

При копировании материала гиперссылка на Тептар обязательна.
Тептар © 2006—2009 Нахский журнал «Тептар»
О Тептаре · Приёмная