Нахский журнал Тептар |
|
|||
|
→ Творчество » Классика
Зелимхан Яндарбиев — стихи24 мая 2007
Автор:
Зелимхан Яндарбиев(Дала декъал войла) Сан стих - и байракх ю, Толамна айина, Хено барз байинчу Кошам чурт иза ду, Бу иза яьгначу ц1еран суй, Кхерстина, кегийна юкъ; Сан ненан куьг ду и, Сан берийн б1аргаш а бу... Гуттар а бу иза - дуй. Басаев Шамилна Ледаран, г1орасиз ойланаш дагна сан Ма тийса, дуьне, ахь тахана т1е. Хьо дохарх, со валарх, иэшан дац х1умма а, Сайн болх ас биллина вайн Далла т1е. Кхин даан доцуш, суо мацвелла висича, Ден дайша диина попан г1а дуур ду. Хьогалла яйа сайн хи доцуш висича, И бецан сирла тхи канашлахь лехьор ду. Х1усаман йовхонах, марзонах хадийча, Мокхазан тархашлахь, ког хецна, тевжар ву. Т1етосу и юрг1а стигланах тадина, Вуьжу мотт 1аьржачу латтанах тарбийр бу. Берч доьлла ховха ка г1евланга дуьллур ду, Цу Деле до1ийца тедийр ду дог. Йог1учу кханенна закъалтна дуьллур ду, Кхин тешам хьайх боцу, х1ай дуьне, хьо. Аллах1а г1аттавахь, малхаца г1оттур ву, Амма Цо язйина хан кхаьчнехь т1е, Кхоьллинчу цу Далла дуьхьал а х1уттур ву, Дог дохуш Цуьнан цу къинхетаме. Декъазан ойланаш, г1орасиз 1амалаш, Дуьне, ма тийсалахь сан амале. Далла т1е бу сан некъ, цу новкъахь са дала Даима хьаьгна ву, ву 1амал еш. Цу Далла суо везарх тешна ву, билггала, И везаш хиларна, сайн сил а суо; Ваха а, вала а тешаме билгало – Декъал веш, джих1адан некъ белла Цуо!
2001. 09. 12-13. Дох1а. ГIАЗОТАН НАЗМА ГIазотан декъах хьаггал ца кхиъначу дегнех къахета, ГIазотийн тезетахь уьш латташ гича, ца кхета. ГIазотах къехка воΙ кхиъначу дех а къахета, ГIазотехь воьжначу кΙантана йоьлхучу ненах а хета, Къахета, къахета, къинхетам белахь, я Дела. Х1ун дуьне диъна цо, х1ун эхарт даьккхина шена? Барт хотту де лаьтта маь1аргон кирхьанна т1ехьа. Г1азотехь воьжначу к1анте ца кхаьчначу Дега, Нене а, х1ун ала деза, ца кхета, я Дела: Х1ун аьлла, кадам бан беза, ца кхета. Дог1маш-м д1алелар ду, цу Делан йозане хьоьжуш, Синош а лелар ду, шаьш дог1мех дохун де лоьруш, Декъазчу дуьненах даккхийдеш, эхартах коьруш… Маьхьшаран майданахь шен кхелан жайна схьаоьцуш, Аьрру нисбеллачух къахетаъ кхоьру, я Дела! Г1азотан декъах хьаггал ца кхиъначу дегнех къахета, Г1азоте ваххал во1 кхиаза даьхначу дех-ненах хета, Шен вешин г1азотан декъе ца кхаьчначу вешех къахета, Шен вешин г1азотан декъах ца кхиъначу йишех къахета… Къахета, къахета… къинхетам белахь, я Дела! Декъаза дакъа ду, кхаьчнарг кху дуьненахь цаьрга, Декъаза дакъа ду, эхартахь сатуьссург цаьрга. Декъаза йорт етташ, декъазчу дуьненахь лелла, Декъазчу синошца декъаза ойланаш миелла, Бог1учу царех хьайн къинхетам белахь, я Дела! БИЪМОГ1АНАШ Ас Далла бен ца до 1ибадат – Аллах1ах бен со ца теша. Ма кхийдаве суна кхин цхьа а, Ма бе шайн синошна иэшам. Мохьаммад, 1алайх1и ва салам, Бакъ Элча ву Делан, теша, Кхоьллина дуьненнаъ масална, Дига вай джаннатан беша. Къур1анца доссийна карамат, Дуьненнаъ, эхартнаъ аьлла, Цушиннан нийса мах хадабан, Белла бу некъ вайна – б1аьрла. Суннатца йе 1амал, 1ибадат… Хьадисца нисйе дог-ойла. Зоьпар дац, белхьам бац кхин цхьа а, Нисдан вайн дуьнено дойнарг. Юучун чам къастон мотт санна, Ийман ду, са лардан делла. Г1овталан т1ома т1е ба1 санна, Къа лета денна вайн дегнех. Ойланца, маттаца, хьажарца, Когаца, куьйгаца, синан Дуьненан марзонах хьагарца, 1аш ду и, шен к1ело йина. Ма мотта, мерзаниг мерза ду, Къаьхьаниг – ма-хетта къаьхьа. Собар – вайн ийманан терза ду, Цо оьзнарг – вайн синойн даьхни. 1алашде ц1ийх долу вошалла, Гергарло лаха, ма-торру, Делахь а, ваьллехь и осала, Ваша а вошаллех волу. Амма ду бусулбан вошалла, Г1азотан новкъахь г1о-орца. Дуьненан кийрахь ша, буо санна, Ву хьуна и г1ортор йоцург. 1илма ду. Цуьнан ах – ийман ду, Важа ах хаарех йозу. Дика-вон дахарехь ийна ду, Шинца а ду Делан йоза. Хазаниг хаздеш а, ч1ог1аллехь Нийсачун латтош а кеп, Г1иллакх ду, оьмаран йохалла Кхиийна дайша хам беш. И лацахь хьайн некъан накъост ахь, Дуьнено ойур ву хьо. Амма шех ца вешаш, ахь кхоссахь, Хайраза войур ву цо. Майраллий, доьналлий даима Лаьттина бакъдолчун хехь. Леллехь а хийлаза, цаьршингаъ Лар ца луш, юьхь1аьржо, иэхь. Хьекъалца урх лаца майраллин, Доьналлин ларйе само. Дин човхон шедан кхаж айале, Цкъа нуьйрахь д1анисло хьуо. Т1аккха а цкъа хьалха хьесап де, Чехабан оьший те дин? Хила а мегий и-м челакха, Гош те1он ца оьшуш кхин. * * * Шад къийларх, тешаме даций и-м, х1ай, Дахаро озийна хадийна тай. Пхьолане марзделла тишделла т1ай, Дегнех д1ахерделла, лестинарг вайн. * * * Стигла дуьйлуш, лаьттах леташ, Ма б1арзделла хьийза са. Х1ай, сан ойла, ховха хьарчий, Деган чов ахь къовлахьа. Ц1ий ца лешарх, дера яй и-м, Деган кийрахь кхобу чов. Къахеторо ч1аг1деш дай и-м, Цуьнан дера детта ов. Г1азот динарг – хир ву г1азот, Дуьне дезнарг – дуьненна. Веъна вериг дуьне кхачон – Доьза вайна дуьненахь.
2001, май. * * * Ас хьоьга дийцинарш дацара туьйранаш, Ас хьоьга кхийдийнарг яцара х1уьттаре: Малх г1аттон де доцуш, йисина 1уьйренаш, Малх сацон де доцуш, де диъна суьйренаш. Беттасин буьйсанаш, седарчийн стигланаш – Ма гена хиллера, сан даго къийлинарш. Дахаран анайист дуьненахь лехнарг а, Шен даг чохь карийча, цунах ца тешнарг а – Цхьатерра пекъар ву, цхьатерра декъаза, Къестон а ца оьшуш - хенара, хеназа, Леха а ца оьшуш – генара, гергара, Вийца а ца оьшуш – ненера, дегара, Ву хьуна, дуьххьал-д1а, хьо шех ца кхетарна, Дог оьхьна вехачу шех хьо ца тешарна. * * * Ма доха, кийрара дилхан дог, Ма делха, кийрара дилхан дог, Дуьненан г1айг1а ю, алий, Дуьненан бала бу, алий. Шенначул, бала бу х1ара, Шенначул, г1айг1а ю х1ара. Пондаро лоькхур ю эшарш, Некъаша лоькхур ду мехаш, Дахаро лоькхур бу пекъарш, Замано са даьхьна леларш. Дуьненан десаллех кхеттарш, Дуьненна буьйлур бу 1еса. Ца доьлхург, ма г1ерта делхон, Ца доьлург, ма г1ерта делон, Зама ю, дайделларг пелхьош, Кхардамна еш коган к1ело. Кхетар вац цадиънарг, даъалц, Да волуш, дуьне дуй х1ара. Я-я, Аллах1! – мохь тоха цуьнга. Я-я, Аллах1! – лерг дог1а цуьнга. Я-я, Аллах1! – дог дог1а цуьнга. Я-я, Аллах1 ! – са дог1а цуьнга, Дуьненан Да волучуьнга, Эхартан Да волучуьнга. СИНГАТТАМ Меллаша г1ушлакхе баьлла, Тийна 1а, таь1на 1а малх. Нохчийчоь, хьо йоцчу ваьлча, Ма г1ийла хетта-кха нах. Х1орда т1ехь кхозий, малх, боьдий, Г1аьттинаъ валале хьо, Карабо, д1абуза боьдуш, Дерриг де шеца д1ахьош. Нохчийчоь, суна ма гина Хьан 1уьйре, хьан делкъе, де. Суьйре а, буьйсаъ ларйина… Ткъа кхузахь-м дац буьйсаъ, деъ… Хан кхузахь – ерриг цхьа зама, Х1орд санна, цхьатерра д1а… Нах бу, комаьрша, балл тамаш, Амма мохк - дог доцуш цхьа . Гой хьуна, дош аьлла валале, Делкъе а схьах1оьтти т1е. Нохчийчоь, сайн деган баланех Хьоьга кхин дуьйцур дуй те?.. НЕНЕ 1. Айса мел язбина мог1а хьоьга язбина хуьлуьйтур бара-кха, х1инца, Нана. Хьоьга яздина хилла хуьлуьйтур дара-кха, дахарехь айса мел яздина кехат. Т1аккха, цхьажимма сапарг1ат хир яра-кх хьо, хьайн к1ентан хьокъехь. Т1аккха сел сиха ца кхачадалан а мегара хьан дахар, хьан са… Маржа-я1, сан Нана, к1ант дика хила 1аьмма ца волуш, д1а-а… д1аяха-кх хьо… Геч делахь, йаа Аллах1 Дела!.. 2. Ас, х1ун алий, екхае сайн ойла, Ас, х1ун алий, 1ехае сайн ойла, Ас, х1ун алий, хьаста дог сайн, нана, Хьо ца хилча кхин сайн, дагавала?.. САРДАМ Сан Даймохк, х1оьттинчохь харцонна т1е, Бакъ долчо човйина, со вала вожахь, Мел дехарах, суна ахь геч а ма де, Не1алтна угаре деза дош харжа. Сан Халкъ, хьан г1иллакхаш лоха а хетта, Генарчу махкахь со яхь йоцуш леллехь, Хьарам ду – д1аволлар дайн кешнийн керта, Латта т1е ца хьокхуш виталахь, веллехь. Дахаран хьелаша дог кура даьккхина, Нана, хьан сибатах херйинехь ойла, Хьарам ю хьан шура, ага – ахьа техкийна, Ц1ий д1аьвше дирзина т1аккаъ со лойла… * * * 1. Ас дуйнаш буур бац, сайн безам бийца, - Хьо хьуо сох тешар ю, дахарца зийча: Со хьуна вина ву – вахар я кхалхар Хьан дуьхьа хир ду сан, долчул а хьалха. Хьан тешам – сан ирс ду, ткъа бехк хьан – валар, Иэхь ларац – суждане хьуна суо вахар: Сийлалле кхочур ву, я довр ду доь – Шоззе а хьуна ду, сан Нохчийчоь! 2. Ткъа нагахь некъ хала нисбелла вайн, Дуьненан халонийн мохь базлахь хьайн, Ненечух цхьа дехар хир ду сан хьоь – Къинт1ера ялалахь, сан Нохчийчоь. Къинт1ера ялалахь, сан ойланашна, Нагахь ца нисйеллехь хьайн г1айг1анашца, Къинт1ера ялалахь сан къайленашна, Ястанза йисинчу сан байтийн дашлахь, Сатесна йисинчу сан 1уьйренашна, Г1айг1анехь йисинчу сан суьйренашна, Кхевдинче ца кхочуш, дисначу дагна, Кхайккхийнче ца кхочуш, дисначу дашна, Къинт1ера ялалахь, дерриг сайн дог Д1аделчаъ, хьайга ца кхачарна со. Къинт1ера ялалахь, ас доьху хьоь, Т1аьххьара, весет деш, х1ай Нохчийчоь: Ас Деле йехна ма-хиллара хьуо, Нохчийчоь, Цуьнга ахь вехалахь со… * * * Беран ховха куьйгаш кхийда нене, Кераэцар доьхуш цуьнга ша. Ши г1улч хетта цунна гена гене, Ненах даьлла дийсна, моьтту, ша… Генна гене некъ бу цуьнан дахар… Х1инца нене санна, кхийдар ду И дахаре, муьйлуш цуьнан чаг1ар, Ткъа юьхь цуьнан – нене безам бу. Ткъа ирс-м цуьнан ненал генахь ду… НАНИНА Нана а д1аяха, д1аяха... яц кхин… Цо к1ентан амалийн дуьрста а яцйин, Цо к1ентан 1уьйренаш, суьйренаш макхйин, Дог-ойла дахаран дезаршна якхйин. Малх кхолий стигалахь, мархашла хьарчош, Бутт леци, кхиале г1ушлакхе кхача, Дохк даржош кхетаме, бодане карчош, Ойланийн бос бахьий, б1аьрг кхолий, лаца Т1ам боцуш, йист йоцчу т1урненен пана Д1акарчий кхоллам а, эрначу ара – Да воцуш хьаста, я г1олаца воцуш Ваша а, догъэца йиша а йоцуш, Т1етовжа доттаг1 а, езар а йоцуш, Хьаштдоцуш мостаг1чун кхардамах лардан, Ц1ийн ц1ергахь датта хьайн дог, аьлча санна, Къахетарг ца карош, дисина буобер Кху лаьттахь тахана карор дац – со бен… 2. Х1умма а ца хилча санна, церг къежош, Б1аьрнег1ар ца тухуш, х1инццалцчул сов, 1уьйренийн, суьйренийн болар ца иэшош, Ма атта лай ахьа, дуьне, сан чов. Со шуьне хийшина дезарийн уьйраш, Кханене сатийса ийинарш со – Марздала доьллачохь, хадийна туьйра, Чам кхета боьллачохь, дохийна пхьор. Ма к1езга хиллера, 1ехийнарш ойла, Ма к1езга хиллера, г1иттийнарш дог… Ган лаахь, ду хьуна – леча, т1ам бойна, Мостаг1чун дог 1абон – декъаза буо. Делалахь, кхардалахь, дог доцу дуьне, Дуьххьаран, т1аьххьаран вацахь а – со Хилла ца хиларна х1ара лан гуьнахь, Леларна х1инццалц, хьайх 1ехалуш дог. 3. Да д1аваларх, нана мел ю – дог ду меттахь, Нана елча – дуьне, духий, даг чу кхета. Ноябар, 1999. Шарджах1 МАЦАХЛЕРА, КАРЛАЯЬХНАРШ * * * Даим ву, дуй баан кийча, Ца кхоьруш, хиларна къера: Хуьлуш бац вайн наной ирча, Хазалла шайниг ю церан! Хазалла башха ю церан, Дуьненахь йоккхучу ханна, Дуьххьарчу маьхьарца беро Ша хилар кхайкхийчахьана. Дуьххьарчу дашо вайн: «Нана!» Лакхенга айъина, сийлахь, Кхин хила йиш йоцуш цхьаа, Ша саннарг – иза хазйина. И Бакъдерг оьшуш дац дустарш, Хьовсийша шайн нанойн б1аьра, Я беран б1аьрлачу б1аьрга, Ма атта ду, кхета цунах: Вайн дуьне кхоьлличахьана, Д1акхаччалц Эхартан пана, И ч1аг1деш, схьадог1у дахар, Цундела, ца к1ордош баха, Даим ву, дуй баан кийча, Ца кхоьруш, хиларна къеран: Хилла яц цхьа Нана ирча, Дуьненахь цхьана а беран!
1976. 2003. БОТТ Ткъа пхьеро кад бина…
Ю.Яралиев Ботт йоцу тур дина бац нохчийн пхьераш, Шаьлтанан дитт лардеш, ботт хилла церан. Масла1ат доцу дов цара ца дина, Дов дерзош, т1ом берзош, дош ду карийнарг. Шаьлтанан пхьар ву и, цунна ботт йинарг. И 1овдал ца хилла, и говза хилла, Ша бинчу г1ирсан мах и хууш хилла, Цундела ца 1ийна, цхьа шаьлта йина, Ца 1ийна, и ластон цхьа мукъ а бина, Мукъ бале, хьалха цо цунна ботт йина, Собарна лерина цо иза йина…
1998 Т1ЕМАН БЕРАШ Т1еман бераш – т1еман бераш ду, Амал сиха, дагца дера ду. Дог лазош я къинхетам шаьш беш а, Коьртах куьг а хьоькхуш, уьш ма хьеста – Уьш Замано хенах къастийна, Бераллех д1ахердеш, къахкийна, Уьш Замано хенал кхиийна, Дезарш цоьстуш, къиза хьистина; Бераллех а хаьдда дисича, Ненан куьйган йовхо йицйича, Ден 1уналлех дог а диллича, Уьш Замано шена дитина; Церан ховха дегнийн дера чевнаш Т1еман ц1арца къиза мерцина, 1ожаллийца шелйеш, яхчийна, Къа ца хеташ, атта йихкина. Цаьрга бийца аша буьрса т1ом, Йийца зама, хенан дикан, вон, Дийца валар-висар, доьналла, Ца боьхкуш уьш беран оьмарла. Кхерам бийца, кхера а ца кхоьруш, Нийсарошха юьхь-дуьхьал а хьоьжуш, Ца г1ерташ шайн къинхетамаш бан: Уьш кхерон кхин кхерам бисна бац, Церан кхерам т1амо кхерийна.
1998 Т1ЕМАН ДИТТАШ 1. Кху г1алин дитташна т1ом ца го г1енах – Цара самах лайна и. Къахь а цуьнан самах мелла, Ийна мелчу ц1ийх. Схьа1еттийна цара, Х1инцаъ лаьтта и, Ца худуш лаьтто, Церан Орамашкахь детта… Кху г1алин дитташна т1ом ца го г1енах… Куьйгийн юьхкаш лачкъон г1орасиз, Лаьтта уьш, хеталуш тийна, Мотт хууш, Мохь хезаш доцучу вайна. Церан г1енаш т1амо дайъина. 2. Х1ара дитташ – Делан дийнан б1аьргахь йохку юьхкаш… Ехка ца луш, йисна т1еман чевнаш… Бераллин, Жималлин, Къаналлин… Даго кхабна йолчу ойланийн, Чевнаш, чевнаш, чевнаш… Доглозург а воцуш, ехка шаьш. Дарба доцуш хила, Дуг1ун долу, Нагахь дог1ахь, Керла синтар бен…
1998 Т1ЕМАН Г1АЛА Х1ара г1ала – ц1енойн лазартне… Х1ара г1ала – диттийн лазартне… Дегнийн, синойн беркъан лазартне… Некъаш уьду, къаххашкахь хьулдала Г1ерташ, чевнийн даь1наш хьулдан шайн. Ц1енойн тезет, ц1енойн кешнийн баьрзнаш, Херцарш, херцарш – заь1ап г1ала сан. Дитташ, къа ца хеташ, т1амо кхаьдда, Къиза детташ шеен 1ожаллин ка. Стигал маьлхехь къаьгча, моьтту, ю шайх кхаьрдаш. Х1ара г1ала – хьан са лоцу хорам… Х1ара-м йовза а ца йовза тарлора, Дагалаца х1ума доцучунна. Амма б1аьргаш баьхна ц1енойн кораш Даг чу хьоьжу, б1аьргаш б1аьрзечунна а. Урамаша ойла юьгу, д1а-схьа Ийзош, шеций-шеций бохуш, д1а. Озабаларх тигац хада хьаса, Буозабелларг кхарех маццах цкъа. Ойла сецча а, даго воьху д1а. Эх1, сатийсам…Дагалецам. Безам! Уьш ца хедий къизалло а т1еман, 1ожалло а – вешин, доттаг1ийн… Маржа дуьне! И хила а мега-кх, Хьо латточу Делан бахьнийн ницкъ…
1998 * * * Ка ягош, шедан кхаж къевлина, Урх хецна, човхийна дин, Зама ахь, хьаьнца-х1ун къевсина, Кхолламах сан иэмалк йин. Ойланийн ковранаш, са меца, Ахь мича кхачаян лоьру – Схьаэккхал, гатделла дог сецча, Кхачалуш хилча вайн оьмар?..
1997 * * * Кху дуьненан ойла йича, Цу Эхартан ойла йича, Са гатделча, дог дуткъделча, Дуьне ма-дду, волавелча, Карон ярий, йолуш хилча, Хьо саннарг кхин, Нохчийчоь сан. Амма, мел ас ойлаярх а, Дуьне, эхарт лехарх дагна, Сахьийзарх сан, дог къийларх а, Дуьне ма-дду ас кхийлларх а, Карош яц-кха, карон йоцург, Нохчийчоь сан, хьо цхьаъ йоцург. Некъаш уьду, некъахь хеда, Анайисте кхача хьедаш, Лаьмнаш, 1аннаш, шера аре, Маьлхан стиглахь - сийна дари, Юьйцуш маукъне хезар ярий, Йолуш хилча кхин, хьох тера. Кху дуьненах йина ойла, Дуьне дуьзна, 1ена яьлча, Цу эхартах йина ойла, Дуьне дисар хьеха яьлча, Хеда яьлча, хьег1а яьлча, Хьо бен йисац, дагна маьрша. Нохчийчоь сан, чоь-ц1а оьзда, Безам балхош вац со хьоьга, Ойла юьйцуш вац со хьоьга, Дийца ницкъ а бац уьш соьгахь: Г1ерташ ву, сайн ойлаян, Кху дуьненан маь1на дан.
2001.09.12 НОХЧИЙЧОЬ Боданца къийсина, буьйсанан кийрахь, Ч1ураман са кхачош, тергалде хьайна… Дуьненна гуотаса г1ерташ, некъ бина, Беттан са кхачалуш, тергалде хьайна… Лекхаллех даккхийдеш, къегина хилла, Сердалчий кхачалуш, тергалде хьайна… Диканна, вонна а бендоцуш хилла, Маьлхан де кхачалуш, тергалде хьайна… Буьйсанах, дийнах чекх хьежийна, сирла, Б1аьргийн нур кхачалуш, тергалде хьайна… Хьайга сатийсарна, тийна шен кийрахь, Деган са кхачалуш, тергалде хьайна… ![]()
Информация
Посетители, находящиеся в группе Незарегистрированные, не могут оставлять комментарии в данной новости.
|
Admin, винчу денца!
Обзор российских СМИ (19—22 август.. Памяти Тины Брюссель Чеченский милиционер. Кто он? Сердце Приёмная АллахI как Покровитель S.O.S. — Реквизиты и отчеты фонда .. Несостоявшееся замужество На городском пляже Разминка для ума Загадка истории: вайнахи-орстхойцы Вигвам на Тептаре Южная Осетия — наживка или жертва? За любовь и верность Сто лет одиночества Чеченцы и ингуши на Олимпиаде в Пекине О территориальном делении Чеченской и Ин.. Муса Бексултанов — «Дом по наследс.. Ты не умеешь говорить красиво Предателям... Обращение Тимура Муцураева Записки на подоконнике Письмо Ельцину от Дудаева Расул Ибрагимов Способы самоуничтожения и как с этим бор.. Обзор российских СМИ (25—27 июня) Открытое письмо Рамзану Кадырову Не верьте в любовь! Славлю! Лучшие публикации
Чеченский милиционер. Кто он?
Глава Панкиси «Черновики» Ты не умеешь говорить красиво Памяти Тины Брюссель Дар Южная Осетия — наживка или жертва? АллахI как Покровитель Славлю! Одиночество Чеченцы и ингуши на Олимпиаде в Пекине Ублюдок За любовь и верность Открытое письмо Рамзану Кадырову Сермяжная правда или залог счастья Ясин Расулов — «Три этюда по исламской экономике» И может я с весенним ветром Тєптар по-українськи Загадка истории: вайнахи-орстхойцы Не верьте в любовь! Коль чеченец ты Сто лет одиночества Седые звезды Кавказа Дюнено до тоьшал Отрывки из лирического дневника Размышления обывателя Записки на подоконнике Сердце Обзор российских СМИ (6—7 августа) Любовный игнор Конкурс «Пусть строки станут песней» |
|
Бóльшая часть материала в Нахском журнале эксклюзивна была впервые опубликована именно на этом сайте. Во всех остальных случаях мы указываем источник в виде гиперссылки и просим всех делать так же по отношению к нашим публикациям: При копировании материала гиперссылка на Тептар обязательна. |
© 2006—2008 Нахский журнал «Тептар»О Тептаре · Приёмная |