Нахский журнал Тептар |
|
|||
Забарш (анекдоты на чеченском языке)11 января 2007
1. ЧОЬХЬАРА НАХ ЦХЬА СТАГ шен стунцахой болчу вахана хилла. Ламаз хан т1е ма кхаьччинехь, маьнги т1е ламаз дан х1оьттина иза. Цу хенахь ц1енкъа юккъе текх а диллина, бод хьакхош, юучу х1умана г1айг1а беш стуннана хилла. - Оллох1у акбар, - аьлла, охьатаь1аш воллу нуц, пенах д1а а кхетта, гал а ваьлла, ц1енкъарчу текха чу кхетта. Т1аккха сихха хьала а г1аьттина, шен дукха юьхь1аьржа х1оьттиначу невцо элира боху стуннене: - Дика ду-кха х1оккхехь хийра нах ца хилла. 2. ДОХК Чечана хьошалг1а а веана, ц1а ваха ваьлла цхьа г1ойт1архо. Дохк деана 1уьйре хилла, цундела иза некъах тилла. Д1аоьхуш, керт еш воллучу цхьана чечанхочунна т1екхаьчна иза. Салам а делла, г1ойт1архочо шена Г1ойт1а боьду некъ гайтахьара аьлла. Чечанхочо дийцина: лакха д1а а вахана, аьрру aгlop д1а мa-хьевззина бу хьуна и некъ аьлла. Г1ойт1архочо шена и карор бац, ван а волий, айхьа гайтахьара суна и некъ аьлла дехна цуьнга. "Доккха х1ума ду-кх шега дуьйцучух ца кхетар" - бохуш, г1ам-г1им а деш, хьалха а ваьлла, некъ гайта веана чечанхо. Жимма д1авахча, юха а вирзина, чечанхочо хаьттина, вайшиъ мичахь ву аьлла. Г1ойт1архочунна хууш ца хилла. Д1аоьху-уш, пхьоьхана т1е кхаьчна xlapa шиъ. Салам а делла, чечанхо т1евеъча, царна юккъера цхьаммо аьлла: "Ва дада, ахь х1ун леладо?" (Иза цуьнан вешин к1ант хилла). Шен куьг к1ентан кара а делла чечанхочо, шен зудчунан ц1е а яьккхина, и шен куьг кхин д1а ца хоьцуш, шен зудчунга д1алохьа со аьлла. К1анта хаьттина: "Ткъа хьешана х1ун до вайша?". Юха а хьаьжна, чечанхочо аьлла: "Варийлахь, хьо волчуьра меттах ма валалахь, дуьненчуьра т1ап-аьлла вовр ву хьо". 3. АМАЛ Йоккхачу Атаг1ара пондар локхучу Г1ачас ткъе цхьаъ зуда ялийна хилла. Т1аьххьара ша ткъе цхьаллаг1а зуда ялийча цо аьлла шен зудчуьнга: - Со зуда атта д1айог1ийтуш ву хьуна, ас аьлларг делахь. Вайга хьеший баьхкича, со хьайга хьаьжча, царна юург яла езийла хаалахь. Дикка ла а доьг1на, зудчо аьлла: - Ас корта ластийча, ас лур йоцийла хаалахь. 4. Д1АВАХА ЦА КХЕТТА ХЬАША Веана хьаша хилла. Х1усамден зуда ц1ахь ца хилла. Хьешана шена чохь карийннарг хьалха йиллина х1усамдас. Хьаша шина дийне а, кхаа дийне а ваьлла. д1а ца воьдуш. Чуьра юург чекхъяьлла, д1а-схьа хьаьжчи, кхалла х1ума ца карийна. Зуда ц1ераялале яьккхина лаьтташ ведар шура карийна х1окху шинна. И шура а йиъна чекхъяьккхина. Т1аккха ший а, маьнги т1е а ваьлла, дуьхь-дуьхьала а вирзина. шаьш яьккхина хан дагаоьхуьйтуш, хабаре ваьлла. Хьешо Шартеса д1адолийна шен къамел: - Берашна юккъехь осал ца хилар дика г1иллакх дара сан, - аьлла. - Дера дара, - аьлла, жоп делла х1усамдас Шемале. - Синкъераме воьдуш цкъа а доттаг1чуьнга маьхьсеш ца ехар а дара сан дика г1иллакх, - аьлла шолг1а а хьешо. - Дера дара, - аьлла, жоп делла цунна х1усамдас. Иштта хьаша ша-шен хестош вахвелча, хьеше х1усамдас элира боху: - Кхин цхьа г1иллакх дика ду хьан, Шартес, д1а ваха а саготту вац хьо, - аьлла. 5. ИРС Я1 ХЬАН! Шайн йиша ловзаргахь хелхаюьйлуш бехк а лаьцна, юьстах ваьлла лаьтташ хилла цуьнан ши ваша. Цхьа хан яьлча, т1евеанчу жимачу къонахчо аьлла: - Иза-м д1аяла а ца кхета. Евзий шуна и? - аьлла. - Ирс я1 хьан, - аьлла вежарех цхьамма, - и йовза-х ца евзий хьуна. 6. ШИ КЪУ Ши къу хилла набахте чу воьллина: цхьаъ - сахьт лачкъорний, шолг1аниг - етт лачкъорний. Шаьшшиъ лацаран бахьана дийцина цара вовшашна. Кхано 1аш, еттлачкъийнчо: - Мас сахьта даьлла вайна? - аьлла, хаьттина. - Етт узу хан хилла-кх, - жоп делла сахьт лачкъийнчо. 7. ДОГЦ1ЕНАЛЛА Цхьа стаг хилла базарахь етт бохка вахана. Цхьаммо т1евеана, хаьттина кхуьнга. - XIapa етт дег1ана ма жима бу хьан? - Дег1ана белахь а, ханна-м бац хьуна xlapa жима. - Ой, шура мел ло кхо, шина-кхаа литре йолий? - Йолу, ахьа гурралц оьзча-м. - Ткъа базара х1унда балийна ахьа xlapa? - Вуо болу дела балийна-кх, - аьлла, жоп делла етт болчо. 8. ЖЕРОЧУНЗАБАР Цхьа ламаро хилла бах охьенца хьошалг1а вахана. Цунна синкъерам бина хилла. И хьовзон ойла хиллачу мехкарийн тхьамда йолчу цхьана жерочо хаьттина бах: - Ламаро, шу долчохь ч1ург керчий? - аьлла. - Дера керча-кх, - аьлла, цо и муха хоьтту кхеттачу ламарочо, - цкъа керчича, ворх1 т1екхетча а, саца а ца луш-м. 9. ЮЬХЬ1АЬРЖО Цхьана несо шен марвешина "Къонах" аьлла ц1е тиллина хилла. Мацца цкъа туькана яханчохь, шен марвешах тар а велла, цхьана стагана т1аьхьа хьаьдда йоьдуш хилла и зуда: - Ва, Къонах, - бохуш, мохь а бетташ. Цунна т1аьхьакхиъча, иза кхин стаг хиларх кхетча: - Вай дела, хьо-м къонах ма вац, - аьлла. Вукхо хаьттина, вуоха а воьхна: - Со къонах воцийла хьуна муха хии? Зудчо жоп делла: - Юьхьдуьхьал хьаьжча, хиира-кх, - аьлла. 10. ДАКЪАЗАЛЛА Майра хилла сай-бодий къастале балха ваха везаш. Хьала а г1аьттина, шен зуда меттахъяьккхина цо. - Ас х1ума т1е юххушехь, суна чай дохдехьа. - аьлла. Шен набарха ца ялалучу зудчо, axl-yxl а дина: - Эцца хьайна ерг кхалла а кхаллий, д1аг1охьа, - аьлла. Т1аккха, сарахь ц1а вог1уш мукъана а шена яа йовха х1ума хилийталахь, мачаш ц1ан а елахь аьлла, шена ерг кхалла а кхаьллина, шен балха д1авадана xlapa. Сарахь мац а велла, г1ел а велла, ц1а вог1уш волу ц1ийнада, не1 схьа а йиллина, чу ваьлла. Кхуо балха воьдуш яьржжийначохь лаьтташ пхьег1аш а, кхуо охьайиллиначохь лаьтташ ши мача а хилла. Пеша т1ехь т1ек1ел кхийссинчохь лаьтташ яйнаш а хилла. Чухула д1айсхьай а хьаьжна, дог доьжначу ц1ийнадас ша шега: "Нана яла хьо дуьненан", - аьлла, г1аравала а ца х1уттуш, лохха "г1ам-г1им" дина, и тосаделлачу зудчо кхуьнга схьа мохь баийтина дехьа чохь йижина йолчу: - Хьо х1ун деш ву цу чохь, шабар-шибар деш, х1инца а вахана валаза ву хьо? - аьлла. Страница 1 из 4 | Следующая страница
Информация
Посетители, находящиеся в группе Незарегистрированные, не могут оставлять комментарии в данной новости.
|
Admin, винчу денца!
Обзор российских СМИ (19—22 август.. Памяти Тины Брюссель Чеченский милиционер. Кто он? Сердце Приёмная АллахI как Покровитель S.O.S. — Реквизиты и отчеты фонда .. Несостоявшееся замужество На городском пляже Разминка для ума Загадка истории: вайнахи-орстхойцы Вигвам на Тептаре Южная Осетия — наживка или жертва? За любовь и верность Сто лет одиночества Чеченцы и ингуши на Олимпиаде в Пекине О территориальном делении Чеченской и Ин.. Муса Бексултанов — «Дом по наследс.. Ты не умеешь говорить красиво Предателям... Обращение Тимура Муцураева Записки на подоконнике Письмо Ельцину от Дудаева Расул Ибрагимов Способы самоуничтожения и как с этим бор.. Обзор российских СМИ (25—27 июня) Открытое письмо Рамзану Кадырову Не верьте в любовь! Славлю! Лучшие публикации
Чеченский милиционер. Кто он?
Глава Панкиси «Черновики» Ты не умеешь говорить красиво Памяти Тины Брюссель Дар Южная Осетия — наживка или жертва? АллахI как Покровитель Славлю! Одиночество Чеченцы и ингуши на Олимпиаде в Пекине Ублюдок За любовь и верность Открытое письмо Рамзану Кадырову Сермяжная правда или залог счастья Ясин Расулов — «Три этюда по исламской экономике» И может я с весенним ветром Тєптар по-українськи Загадка истории: вайнахи-орстхойцы Не верьте в любовь! Коль чеченец ты Сто лет одиночества Седые звезды Кавказа Дюнено до тоьшал Отрывки из лирического дневника Размышления обывателя Записки на подоконнике Сердце Обзор российских СМИ (6—7 августа) Любовный игнор Конкурс «Пусть строки станут песней» |
|
Бóльшая часть материала в Нахском журнале эксклюзивна была впервые опубликована именно на этом сайте. Во всех остальных случаях мы указываем источник в виде гиперссылки и просим всех делать так же по отношению к нашим публикациям: При копировании материала гиперссылка на Тептар обязательна. |
© 2006—2008 Нахский журнал «Тептар»О Тептаре · Приёмная |