Нахский журнал Тептар |
|
|||
Забарш (анекдоты на чеченском языке)11 января 2007
11. ЯХЬИНА ДИНА ХЬЕХАР Динан г1уллакхаш башха дика карадог1уш вацахь а, маттана шера а, хьекъална ира а ву аьлла, Махьмина юьртахоша моллалла т1едожийна хилла. Шех тешийна г1уллакх вуно ч1ог1а санехь хилар зеделлачу цо малар а, сигаьрка а йитина. Вовшашца мостаг1алла тасаделлачу нахана юккъехь машар беш, моьлуш, хьаштдоцург лелош верг сийсаза веш, оьшучунна хьехам беш, массеран а дог эцна ваьлла Махьма. Луларчу ярташкара бахархой а хилла xlapa волчу оьхуш. Массарна а дашца а, г1уллакхца а там беш хилла цо. Цундела иза везаш а хилла. Цхьана дийнахь хьалха цкъа доттаг1алла лелош хилла волу Яхьа веана Махьмина т1е шен цхьа бала бахьаш. Кисанара схьакъеда къаьркъанан шиша а, дукха сов вахочу маларх веттавалар бахьанехь тишъелла юьхь-сибат а, схьаетталун томкин г1иран хьожа а ца езаеллачу Махьмас, декъа салам-маршалла схьа а эцна, деана г1уллакх схьадийца аьлла: - Вайша хьалха, цкъа зама зама йолуш, дууш-молуш цхьана лелаш хьох х1ума лачкъош вацара со, - аьлла, схьадолийна Яхьас. Амма ша ала г1ертарг схьадийцина ца волуш, дуьнент1е мел долу х1ума юкъаозийна, къамел дахдан волавелла иза... - Ладог1ал, Яхьа, - сацийна иза Махьмас, - хилларг д1адаьлла, иза карладаха оьшуш а дац. Айса лелийнчунна тоххарехь дохковаьлла со. Цундела цунах лаьцна вайша кхин дийца оьшуш х1ума а дац. Сихха айхьа деана г1уллакх схьадийций вала. Арахь хьоьжуш кхин а нах бу... - Гой хьуна, доттаг1а, доцца дуьйцур ду аса, х1окху т1аьхьарчу хенахь xlapa дуьне къахьдина суна оцу вайн чуьрачо. Чу моссаза веа, луьйш, хьаштдоц ург дуьйцуш. Со дуьхьал вистхуьллушехь, дов хуьлу. Зуда йитина д1а а яхийтина, лела зама а яцара сан, жайна даккхахьара ахьа цунна, толур яцара техьа иза. - Иза-м хала, хьо ваха, дацара, - аьлла, къоламмий, кехаттий схьа а эцна, охьахиъначу Махьмас оццу минотехь яз а дина, кхо маь1иг еш хьарча а дина, д1аделла жайна Яхье. - Х1окху жайно хийланна а г1о дина хьуна. Х1ун ю кхуьнан ц1е? Х1аъ, Хьулимат лен йолаллушехь, xlapa жайна цунна а ца гойтуш, хьайн цергаш юккъе лаца. Цул т1аьхьа а шайн барт иэг1аш меттиг нислахь, суна т1евола. 12. 1АД1ИЙНЕХЬ ЦА ХИНДЕРГ Яхьа хилла цхьана дийнахь пхьоьхана а х1оьттина, шайн ден да ч1ог1а хьал долуш стаг хилла бохуш, дуьйцуш лаьтташ. - Цуьнан цхьа б1е ахб1е говр, ши б1е етт, пхи эзар уьстаг1 хилла, - аьлла, ч1аг1дина цо. Массо а кхуо дуьйцург бакъ ца хеташ, гуттар санна, аьшпаш хир бара уьш-м аьлла хеташ, и къамел тидаме а ца оьцуш лаьттачохь, цхьаъ дуьхьал ваьлла, и бежанаш а, говраш а оццул хила тарлора, ткъа пхи эзар уьстаг1 цуьнан хилла хиларх ца теша ша аьлла. - Ой, ахьа х1ун дуьйцу, - девне ваьлла Яхьа. - Дикка дагардича-м уьш ялх эзар а хир дара... - Деллахь, доттаг1а, 1ад1ийна велара хьо, цуьнга и эзар уьстаг1 т1е а ца тохуьйтуш, - аьлла, цаьрга ладоьг1уш лаьттачу Махьмас. 13. ХАЛА ХЕТТЕХЬ-М... Юьртахь жима стаг кхелхина тезет хилла. И тезет д1айирзина цхьа хан яьллачу хенахь, цу юьртара цхьа стаг вахана хилла кхелхинчу жимачу стеган нахе кадам бан. Царех уггаре воккхах верг кхайкхина ара а ваьккхина, цуьнга кадам бина хилла цо: - Мукъа воцуш виснера со шуна гучу ваза. Вайн ницкъ кхаьчнехьара шуна и бохам хуьлуьйтур а бацара, ч1ог1а хала а хийти и шун вешин к1ант кхелхина, - аьлла. Xlapa кадам бина ваьлча, кхелхинчу жимчу стеган девашас аьллера: - Вай, и кхин хьан дай-ваший вийна-м ца лелара и кхелхича, хьуна хала ца хета... 14. РУЗБА - Ассалом 1алийкум! Рузбане кхача ларор вуй со? - хаьттина ламаз тиллачо, рузба а дина маьждигера ц1а бог1учаьрга. - Ва 1алийкум солом! Ларор ву дера-кх, хьалха дийнна к1ира а хилча, цу т1е хьо говрахь а хилча-м мухалле а. 15. ДЕХАР Цхъана стеган доккха ирзу хилла. Цуьнга дехаре баьхкина юьртара баккхий нах, цу ирзу т1ехь юьртан кешнаш дайтахьара аьлла. - Делахь, аша иштта доьхуш хилча, дойтур ду аса, - аьлла, д1абохуьйтуш хилла цо уьш. Т1аккха баккхий нах гена бовлале т1аьхьа а кхайкхина, бахара, бах, ирзо долчо: - Деллаша, цу т1ехь баьрзнаш ма делаш, т1е т1улгаш а х1иттош, гота охуш новкъа хирг ду суна уьш. 16. МОЛЛИН CATИЙСАМ Молла хилла суьлхьанаш хьийзош, багахь "лаилах1-иллалах1" бохуш, шабар-шибар а деш, коре а хиъна, 1аш. Т1ехйолуш цхьа хаза йо1 гина кхунна. Цул т1аьхьа: - Девиса хьан, дависа хьан, - бохуш, ша х1ун леладо а ца хууш, суьлхьанаш хьийзон волавелла иза. 17. МАХКАХЬ ДОЦУ ХЕЛХАР Моллин бераш хилла цхьа чехка йоьттучу вотанийн мукъамана чу а боьлла, махкахь доцу хелхар деш. Т1ехволучу стагана гина уьш. Корах чу а хьаьжна, цо аьлла: - Ой, шу дена хаьий аша лелош дерг? - Хаа-м хаьа, амма тхуна санна дика-м ца хаьа, - аьлла бераша дуьхьал. 18. ХИЛЛАРГ ХОВШ ВОЛУ "ШАЙХ" Шайх ву ша бохуш лелаш хилла цхьа стаг. - Делахь кхана хиндерг дийцал, - аьлла, дехардина цуьнга цхьамма. - Лама дуьйцур ду ша. - аьлла, "шайх" ву ша бохучо. 19. МОЛЛИНА ДИНА СУЬЛХЬАНАШ Цхьана дийнахь суьлхьанаш ден пхьар волчу веана молла. - 1аламат меле г1уллакх ду ахьа дийриг. Къаьсттина х1окху мархи баттахь цхьа суьлхьа дича, ткъа ламаз диначул мел хир бу хьуна, - аьлла, и хаста а вина, д1авахна молла. Цкъа цхьана дийнахь чувоьлла болх беш 1ачу пхьерана дагадеана, ша-м къахьоьгуш вара, марха а багахь, молла х1ун деш ву хьажа везара ша аьлла. Вахана къайлаха чу хьаьжча, коре х1ума а тоьхна, хьена ч1епалгаш дууш 1аш гина кхунна молла. Шозлаг1чу дийнахь шен суьлхьанаш д1адахьа веана молла. - Ой, - аьлла цо, - туркхаш ма бац хьан кхарна юккъехь? - Го баьккхича, хуур хиллехь, молла а вуьллур вацара ас, - аьлла, жоп делла, оьг1азваханчу пхьеро. 20. МУРДО ШЕН ШАЙХЕ АЬЛЛАРГ Цхьана дийнахь тачанки т1е а хиъна воьдуш волу цхьа хьаьжа борза т1ехь лаьтташ волчу шен мурдана т1екхаьчна. Шена шен мурд ца вевззашехь, цо цуьнга салам делла. Шега цо салам делча, иза вовза а вевзина, дуьхьал а ваьлла, шен шайх хиларе терра, т1ехдаьккхина цуьнца т1екаре а ваьлла, мурдо шен устазе дехар дина: - Тховса буьйса а яккхий, кхана г1ахьара хьо д1а, - аьлла. Иштта т1ехваьлла и шеца т1екарваьлла хьаьвзича, шена ца вевза дела, шайхо шен мурде аьлла: - Ванах, суна хьо вовза-м ма ца вевза, хьо мила вара? - аьлла. Цу тайппана цо шега хаттар дича, мурдо шен шайхана жоп делла: - Деллахь, юххехь кхин накъост а воцуш, х1окху борза т1ехь лаьтташ волу хъайн мурд ца вевзича, кхана дог1а долчу къематдийнахь, оццул дукха долчу халкъа юккъехь со муха вевзар ву техьа хьуна? - аьлла. Д1авоьллачу мурдо шен киснара суьлхьанаш схьа а даьхна, кхин хьуна вирд а доккхур дац аса аьлла, суьлхьанаш шайхе д1аделла. Предыдущая страница | Страница 2 из 4 | Следующая страница
Информация
Посетители, находящиеся в группе Незарегистрированные, не могут оставлять комментарии в данной новости.
|
Керлачу дешца, тептархой!
Я язык обрекла на молчанье Альтернатива Кусочек депрессии Олеся Вигвам на Тептаре Как жаль Маша Алалыкина вернулась в Ислам Якуб Арцуев Ненан мотт Здравствуйте, я русский ГIайгIанаш Ночные кошмары на улицах Грозного Нахская раскладка (версия 1.0) Приёмная Параллели между чеченским и шведским язы.. Украинские анекдоты Москали Руслан Тесаев — «Потомки Ноя» Легенда о правде Будем жить Нийсо хилча Чеченка Суррогатариум Враг рад Книги, фильмы, сплетни Ихван Симиев Бекхан — «Йист» Воспоминания Мариам Женские нахские (чеченские и ингушские) .. Лучшие публикации
ГIалгIайче
Враг рад А жить осталось месяц me. О Таргимхо Хадиже Лучше я лягу спать Будем жить Где раздобыть для малой пробы Ночные кошмары на улицах Грозного ДегIан Iеса чалх Дезчу денца! Чеченка Ненан мотт Идиоты (не путать с «Идиотом» Ф. Достоевского) Сан-Джерме де Пре — Митино Бремен-гIалара иллиалархой Къастар Нийсо хилча Я язык обрекла на молчанье Интерпретация результатов Олимпиады Нильс Ферлин — «В лабиринте жизни» О тлетворном влиянии интернета Керлачу дешца, тептархой! Главное, что мы есть друг у друга Я Дийнал — Ислам Я видел тех Мольба Нахская раскладка (версия 1.0) Здравствуйте, я русский |
|
Бóльшая часть материала в Нахском журнале эксклюзивна была впервые опубликована именно на этом сайте. Во всех остальных случаях мы указываем источник в виде гиперссылки и просим всех делать так же по отношению к нашим публикациям: При копировании материала гиперссылка на Тептар обязательна. |
© 2006—2009 Нахский журнал «Тептар»О Тептаре · Приёмная |