Нахский
журнал

Тептар
Помогите Ихвану с жильем.
Логин  
Пароль  
 

Шиъ Дог!

8 июня 2008
Это мой вольный перевод песни Эдиты Гурняк — польской певицы!

Сан лечан хьо кIорни сан деган ва йовхо
Сайх хилларг хатта бах цу лекхачу лаьмнашка
Сан балех ахь хатта къеначу хьаннашка
Яккха ахь цу хьолах ас доьху ва хьоьга

Сан лечийн ва кIорни айхь ира бIаьрг кхарстош
Хатта ахь сан балех чехкачу Органе
Хатта ахь сан ларах ирзушкар зезаге
Даккха ахь гIадирсе ас доьха ва хьоьга!

Муха хатта ва деза ас стигларчу седане?
Хьуна нанас йеллачу хазалле сатесна
Шел чIогIа юьхь сибат хьан къегаш ца лалуш
Хьоца йоллу дикаллех хьегIаш а лепа из
Эр ма дац цо соьга, седан некъ гойтар бац!

Ас муха хатта деза ва курчу маьхкаршка?
Хьоьга болу сайн безам лачкъалур бац соьга
Шайн хаахь эмгарлна эр ма дац цара соьга
Карор яц ва суна хьо цаьргарчу кхаанца!

Сан лечийн ва кIорни хIай буьрса олхазар
Хатта ахь сан балех шера эрна арешка
Хатта ахь ярашка куза хилла яржийначу
Яккха ахь ас доьху тоха са дац баланах!

ЦIарах багийн барзнаш ва туьлуш
Йогуш йолу ярташха ва хьо лоьхуш чекхвуьйлу
Вижар-гIаттар ва дайна гIайгIанехь гIелвелла
Хьо лоьхуш лела со ойланаш тилйелла
Сан хьомениг...

Ас муха хатта деза сирлачу беттане?
ЙоьIбаьргах са хилла токхбаьлла къежачу
Маьлхан нур дIатоьттуш, боданах некъ къовлуш
Ца карорн бахьанаш цо доху ва суна
Сан хьомениг...

Муха хатта деза ас цу гIалгIазкхийн гIароле?
Иза ша ма ву хьо езаш бIарзвелла
Хьох вальча хьервалар шена ду новкъа
ХIара дуьне ва даго сийна цIарах дуй биъна
Цо...Ас...
оценка:
 (голосов: 13)
просмотров: 626
мнений: 0
закладка:
Информация
Посетители, находящиеся в группе Незарегистрированные, не могут оставлять комментарии в данной новости.
Лучшие публикации
Эти вайнахи нуждаются в поддержке. «Фонд Тептара» помогает вам помогать.
Бóльшая часть материала в Нахском журнале эксклюзивна — была впервые опубликована именно на этом сайте. Во всех остальных случаях мы указываем источник в виде гиперссылки и просим всех делать так же по отношению к нашим публикациям:

При копировании материала гиперссылка на Тептар обязательна.
Тептар © 2006—2009 Нахский журнал «Тептар»
О Тептаре · Приёмная